Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Сагалматийн тӀемийн гӀовгӀанах дуьзна долчу а, Хуша-махкарчу хишна дехьа долчу а лаьттан къа ду. |
| 2 |
| Нил-хина тӀехула шайн векалш бохуьйту цу лаьтта тӀера, ткъа уьш эрзах динчу хинкеманаш тӀехь хишна тӀехула лела. ТӀах-аьлла векалш, дӀадуьйлало! Лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъана тӀе гӀо! Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагӀий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. |
| 3 |
| Шу дерриш а, дуьнен чохь дехаш дерш! Хьовсалаш, лам тӀехь байракх дӀатоьхча, ладогӀалаш, лоькхучу коьман маӀан аз хезча. |
| 4 |
| Везачу Эло аьлла соьга: «Меттах а ца волуш, Со хьоьжу Сайн хӀусамера, малх кхеттачу дийнахь лаьтта йовхо санна, ялта чудерзочу йовхачу хенахь тхин марха санна. |
| 5 |
| Кемсаш лахьо хан тӀекхачале, церан заза а доьжна, стом кхиа болабелча, Везачу Эло уьрсаца ца оьшу гаьннаш дӀа а хедийна, дӀакхуьссур ду, маргӀалш а хедор ду. |
| 6 |
| Лаьмнаш тӀера дерачу олхазаршна а, аренашкара акхарошна а дуьтур ду дерриг а. Олхазарш аьхкенан заманахь хир ду цигахь, ткъа аренан акхароша Ӏа доккхур ду цу меттехь». |
| 7 |
| Цу хенахь массо а ницкъийн Везачу Элана лерина сагӀа доккхур ду лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъо. Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагӀий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. Цийон-лома тӀехь, массо а ницкъийн Везачу Элан меттехь, дохур ду и сагӀанаш. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/isaiah/018.mp3
66
18