|
| 1 |
|
| Цу дийнахь ЯхӀуд-махкахь йиш локхур ю: «Тхан гӀала чӀогӀа ю. Гонах долу пенаш санна а, арахула йолу чӀагӀонаш санна а, Везачу Эло тхуна кӀелхьардовлар ло. |
|
| 2 |
|
| ДӀаделла кевнаш, Везачу Элан лаамехь долу, Далла тешаме долу халкъ чудаийта. |
|
| 3 |
|
| Шен дагахь дерг чӀагӀдийриг Ахь буьззинчу синтемехь ларвийр ву, хӀунда аьлча иза Хьох тешна Ӏаш ву. |
|
| 4 |
|
| Массо а хенахь Везачу Элах тешна Ӏаш хила, веккъа Веза Эла гуттаренна а йолу тарх санна волу дела. |
|
| 5 |
|
| Лакхахь Ӏаш берш Цо лахбира, лакхахь йолу гӀала Цо лахйира. Лаьтта тӀекхаччалц иза йохийра, ченала Цо и гӀала йожийтира. |
|
| 6 |
|
| ГӀело хьегначийн гӀулчаша а, мискачу нехан когаша а хьоьшуш ю и гӀала. |
|
| 7 |
|
| Хьан лаамехь волчун некъ нийса бу, Веза Эла, Ахьа нисдо цуьнан некъан тача. |
|
| 8 |
|
| Ахь тӀедехкинаршца а лелаш, Веза Эла, Хьоьга хьоьжу тхо. Хьан цӀе дагахь латто а, Хьо хьехо а бен тхан лаам бац. |
|
| 9 |
|
| Сан са буьйсанна Хьо волчу гӀерта, ткъа Ӏуьйранна даго сан кийрахь Хьо лоьху. Хьан кхел лаьтта тӀехь кхочушхилча, дуьнен тӀехь бехачарна нийсо Ӏема. |
|
| 10 |
|
| Ӏесачу стагах къинхетам бича, цунна нийсо Ӏемар яц. Везачу Элан возалле ца хьожуш, Делан лаамехь болчеран лаьтта тӀехь зуламаш лелор ду цо. |
|
| 11 |
|
| Хьан куьг лаккха хьалаайина ду, Ӏесачу нахана таӀзар дархьама, Веза Эла, амма царна иза ца го. Хьайн халкъе болу кӀорга безам гайтахьа, цунна эхь хетийтархьама. Хьайн мостагӀашна леринчу цӀеро берриш а дӀакхоллийла Ӏесанаш! |
|
| 12 |
|
| Веза Эла! Ахьа синтем дӀахӀоттабо тхуна. Оха мел динарг Ахь тхуна кхочуш ма дина. |
|
| 13 |
|
| Тхан Веза Дела! Хьо воцург, кхин олахой а хилла тхуна тӀехь куьйгалла деш, амма Хьан цӀерана бен оха хастам ца бо. |
|
| 14 |
|
| И белла олахой денлур бац, церан синош гӀовттур дац. Царна таӀзар а дина, Ахь уьш хӀаллакбина. Царах йолу эсс Ахь ерриг а йохийна. |
|
| 15 |
|
| Ахьа халкъ дебийна, Веза Эла. Халкъ а дебийна, Хьайн сий айина Ахьа, лаьттан дозанаш шордина. |
|
| 16 |
|
| Веза Эла! Халачу муьрехь Хьан халкъо Хьо лоьхура, Хьан таӀзар ша ловш тийна доӀанаш дора цо. |
|
| 17 |
|
| Берах йолчу зудчо, бер хуьлу хан тӀе а кхаьчна, лазарша ша хьийзош, мохь хьоькхуш санна, дара тхо Хьуна хьалха, Веза Эла. |
|
| 18 |
|
| Берах долуш санна, бала а хьоьгуш, оха дуьнен тӀе доккхург, мох санна, даьсса хӀума ду. Лаьттана кӀелхьардалар а ца делла оха, дуьненан бахархой а ца эгийтина оха. |
|
| 19 |
|
| ХӀетте а, Хьан белларш денлур бу, Хьан халкъан декъий гӀовттур ду! Ченахь мел Ӏохкуш берш, гӀовттий, хазахетарца мохь хьекха! Ӏуьйренан Хьан тхи — иза денлуш долу тхи ду, Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тӀе дожадо». |
|
| 20 |
|
| ДӀагӀо, сан халкъ, хьайн хӀусамаш чу а гӀой, неӀарш дӀакъовла. Цхьана ханна къайладала, Делан оьгӀазалла дӀаяллалц. |
|
| 21 |
|
| ХӀунда аьлча Веза Эла ву Шен хӀусамера араволуш лаьтта тӀехь бехачарна таӀзар дан, церан къинош бахьаненна. Лаьтто схьадоьллур ду шена тӀехь Ӏанийна долу цӀий, кхин къайлабохур бац байина нах. |
|
|
|
|