|
| 1 |
|
| Цу дийнахь Везачу Эло Шен чӀогӀачу а, доккхачу а, нуьцкъалчу а туьраца таӀзар дийр ду Левиятан цӀе йолчу а, текхаш а, хьийзаш а болчу лаьхьанна. ХӀордан и саьрмик буьйр бу Цо. |
|
| 2 |
|
| Цу дийнахь токхечу кемсийн бешах илли ала: |
|
| 3 |
|
| «Со, Веза Эла, цуьнан хехо ву, Аса шен хеннахь хи туху цунна. Дийнахь а, буса а иза ларйо Аса, цхьаьнгге а цунна зе ца дайта. |
|
| 4 |
|
| Оцу бешана йолу дералла Соьгахь кхин яц. Амма цхьаболчара, Суна дуьхьало еш, цу бешахь баьӀаш долу коьллаш йогӀахь, Аса, тӀамца царна дуьхьал а ваьлла, цӀе тосур яра царах массарах. |
|
| 5 |
|
| Амма цхьаъ, Соьгара гӀо а эшна, Соьца барт бан вагӀахь, бе Соьца барт». |
|
| 6 |
|
| ТӀедогӀучу деношкахь Якъубан тӀаьхьено, орамато санна, орамаш арахоьцур ду, Исраилан къомо заза доккхур а ду, дерриге а латта стоьмех хьаладузур а ду. |
|
| 7 |
|
| Шен халкъана ницкъ бечарна Ша таӀзар ма-дарра, таӀзар дорий те Везачу Эло Исраилна? Иза хӀаллакдеш хилларш хӀаллакбина ма-хиллара, халкъ хӀаллакдорий те Цо? |
|
| 8 |
|
| Веза Эла, леррина а оьзна, Ахьа таӀзар дира цунна, цуьнца долу гӀуллакх къаста а дина, Ахь иза йийсаре дӀадигийтина. Малхбалера мох хьокхучу дийнахь санна, Ахь иза, Хьайн чӀогӀа хӀо а хьаькхна, дӀаэккхийна. |
|
| 9 |
|
| Якъубан тӀаьхьенан къа иштта дӀадоккхур ду, цуьнан харцонаш дӀаяхархьама иштта мах дӀабала безаш бу: сагӀа доккху меттигашкахь лелош долчу тӀулгех халкъо жагӀанаш бийр бу, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахедийна Ӏохкур ду, ткъа цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерчаш, дохийна, дӀадохур ду. |
|
| 10 |
|
| ЧӀагӀйина гӀала яссалур ю, цуьнан хӀусамаш дӀатесна хир ю, яьссачу арахь санна, адамаш а доцуш. Эса дежар ду цу меттехь, циггахь садоӀуш а, гаьннаш тӀера гӀаш дууш а хир ду иза. |
|
| 11 |
|
| Ткъа и гаьннаш дакъаделча, уьш кегдийр ду. Зударша, схьа а баьхкина, дагор ду уьш. И халкъ цхьана а хӀуманах ца кхетарна, иза Диначо къинхетам бийр бац цунах, иза Кхоьллинчунна цунах къахетар дац. |
|
| 12 |
|
| Цу дийнахь Везачу Эло шу, Эпрат-хи тӀера Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе кхаччалц, кӀа санна, ирхдугӀур ду, ткъа шу, исраилхой, тӀаьхь-тӀаьхьа гулдина хир ду. |
|
| 13 |
|
| Цу дийнахь иштта хир ду: сийлахь коьман маӀа лекхча, Ашур-махкахь тилабелла лелларш а, Мисар-махка лаьхкина бигнарш а схьабогӀур бу. Ярушалаймерчу безачу лам тӀехь Везачу Элана хьалха суждана гӀур бу уьш. |
|
|
|
|