×

Делан Йозанаш 2012

ЕшаӀ-ЯхӀу 32

1
Хьовсал, цхьа паччахь хир ву нийсонца урхалла деш, иштта тхьамданаш а хир бу бакъонца куьйгалла деш.
2
Царах хӀора а мохана дуьхьал йолу дӀалечкъийла а, йочанина йина кхалор а, яьссачу арахь долу хьоста а, хьогах долчу лаьтта тӀе доьжна лекхачу тархан ӀиндагӀ а санна хир ду.
3
Адамийн бӀаьргаш кхин бӀарзбина хир бац, ткъа церан лергашца цара тидамца ладугӀур ду.
4
Ойла ца ечеран хьекъал хӀума хууш а, цунах кхеташ а хир ду, мотт тиссалучара шера а дуьйцур ду.
5
Ӏовдалах иза лараме ву кхин эр дац, ямартчух иза хьанал ву а эр дац.
6
ХӀунда аьлча Ӏовдало сонта хӀума дуьйцу, цуьнан дагахь вониг дар ду. Цо Ӏесалла лелайо, Веза Эла емалво, мецачун лаам Ӏаба ца бо, ткъа хьогахверг хи доцуш вуьту.
7
Ямартчун гӀуллакхаш зуламе ду: цо ямартло ян ойла йо, къениг харц дешнашца хӀаллаквархьама, и къениг нийса воллушехь.
8
Ткъа хьаналчо ойла а хьаналниг йо, дерриге а цӀена долчунна тӀехь лаьтта иза.
9
ГӀайгӀа йоцу зударий! Хьала а гӀовттий, ладогӀа соьга. Шаьш сашортехь бу моьттуш болу мехкарий! ЛадогӀа сан дешнашка.
10
Шарал сов, кхин масех де даьлча, кхерамца дегош хир ду шу, гӀайгӀа йоцурш! ХӀунда аьлча кемсаш а лахьор яц, ялта чудерзо хан тӀе а кхочур яц.
11
Бегало, гӀайгӀа йоцу зударий! Лесташ хила, синтемехь болу мехкарий! Шайн бедарш охьа а кхиссий, гӀодаюккъе сингаттаман духар дехка.
12
Хьалха ка а етташ, делха шайн яйначу исбаьхьачу аренех, хьийкъина стом лучу кемсийн таьллангех.
13
ГӀайгӀа е тӀехь коканан коьллаш а, кӀохцалш а долчу Сан халкъан лаьттах. Делха массо а самукъане хиллачу цӀенойх а, йоккхаеш хиллачу гӀаланах а.
14
ХӀунда аьлча гӀап дӀатесна хир ю, гӀовгӀане гӀала а яссалур ю. ГӀалара цӀенош а, шайна тӀехь ха деш йолу бӀаьвнаш а, саьлнаш а йина лаьттар ю гуттаренна а. Акха варраш а кхерстар ю цигахь, дежаш уьстагӀий а лелар ду,
15
лакхара вайна тӀе Делан Са доссийтталц. ТӀаккха яьссачу аренах беш хир ю, беш хьун санна хир ю.
16
Нийсо дӀахӀуттур ю яьссачу арахь, бакъдерг лаьттар ду хьийкъинчу бешахь.
17
Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом — синтем а, сашорте а хир ю абаденналц.
18
ТӀаккха сан халкъ машаречу хӀусамашкахь Ӏийр ду, кхерам боцучу цӀеношкахь а, паргӀато йолчу садоӀучу меттигашкахь а.
19
Делахь а, къорано хьун йохор ю, ткъа гӀала ерриг а лахйийр ю.
20
Декъала ду шу, хӀунда аьлча дерриге а хишна уллохь ялта дӀаделур ду шуьга, шайн бежанаш а, варраш а паргӀат яжийталур ю шуьга.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки