1
ТӀедуьйла, массо а халкъаш, ла а дугӀуш! Тидам бе, къаьмнаш! Лаьттана а, дерриг а цунна тӀехь долчунна а, дуьненна а, дерриг а цунна чохь долчунна а дӀахезийла!
2
Веза Эла массо а халкъана оьгӀазвахана ву, церан эскаршна дуьхьалъяьккхина ю Цуьнан дералла. Цо уьш берриш а хӀаллакбан билгалбехира, уьш байа дӀабелира.
3
Церан байинарш дӀасакхиссина хир бу, церан декъашна тӀера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цӀийно.
4
Стигалара дерриг а седарчий телхар ду, стигал а хьаьрчар ю, хьарчийна тептар санна. Седарчийн эскар а, кемсийн таьлланга тӀера чудужу гӀа санна а, инжиран дитта тӀера маргӀалдоьлла гӀа санна а, чудужур ду.
5
Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хӀаллакден долчу а Эдоман халкъана тӀедуссуш ду иза».
6
Везачу Элан тур цӀийх дузур ду, махьарх а дазлур ду — Ӏахарийн а, бежалойн а цӀийх дузур ду, уьстагӀийн жаннаш тӀерачу махьарх а дазлур ду иза. ХӀунда аьлча Бацар-гӀалахь сагӀа даккхар а, Эдоман лаьтта тӀехь, доккха цӀий Ӏанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан.
7
Цаьрца цхьаьна бугӀанаш а, старгӀанаш а, стерчий а охьаоьгур ду, церан цӀий лаьттах чекхдер ду, церан махьаро чан яшор ю.
8
Везачу Эло бекхам баран де а, мостагӀех акхаран шо а билгалдаьккхира. Цийонан гӀуллакх лардийр ду Цо.
9
Эдоман хих силам хир ду, цуьнан чан саьмгал хилла дӀахӀуттур ю, ткъа лаьттах догуш долу силам хир ду.
10
Дийнахь а, буса а дӀа а ца довш, догуш хир ду и латта, массо а хенахь кӀур хир бу цунна тӀера хьалаоьхуш. Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенехь дӀатесна а, даьсса а хир ду иза. Абаденналц цхьа а гӀур вац цунна тӀехула дӀа.
11
Куьйранаша а, зуьнаша а дӀалоцур ду и латта, ткъа бухӀанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу.
12
Баьччанех цхьа а вуьсур вац цигахь, махкана тӀехь паччахьалла дан кхайкха, берриг а цигара элий дӀабевр бу.
13
КӀохцалш долу коьллаш дезачу цӀеношкахь кхуьур ю, баьӀаша а, нитташа а гӀепаш къайлайохур ю. ЧангӀалкхаш а, бухӀанаш а Ӏийр ю цигахь.
14
Яьссачу аренан акхарой акхачу жӀаьлешца цхьаьнакхетар ю цигахь, акха гезарий хир ю вовшашка Ӏоьхуш. Буьйсанан гӀаларташ хир ду цигахь садоӀуш а, шайна синтем лоьхуш а.
15
БухӀано, бен а бина, тевна хиъна, хӀоаш дохур ду цигахь. Ша даьхна кӀорнеш шен тӀемийн ӀиндагӀехь лардийр ду цо. Маккхалш а гуллур ю цигахь цхьаъ вукхунна тӀаьххье.
16
Везачу Элан тептар тӀехь схьа а лахий, дӀадеша: оцу акхаройх цхьа а цигахь йоцуш хир яц, ткъа цхьа а стен дийнат боьршаниг доцуш хир дац, хӀунда аьлча Цо Ша омра дина, Цуьнан Сино схьагулдийр ду уьш цхьаьна.
17
Цо Ша тесна царна кхаж, Цуьнан куьйго шен барамца декъна царна. Массо а хенахь цара дола дийр ду цу лаьттан, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашкахь цунна тӀехь Ӏийр ду уьш.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012