Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кӀанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгӀат а дахьийтира Хьузакх-ЯхӀуна, иза цомгуш хиллачул тӀаьхьа товелла аьлла шена хезна дела. |
| 2 |
| Геланчаш хазахетарца тӀе а эцна, Хьузакх-ЯхӀус царна гайтира шен чӀоь-цӀа чохь мел дерг — дети а, деши а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, деза хьакхарш а, герз чохь долу цӀа а, шен хазнашкахь кхин мел карош дерг. Хьузакх-ЯхӀус шен паччахьан цӀа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хӀумма а ца дисира. |
| 3 |
| Юха ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхӀу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХӀун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?» Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Уьш генарчу Бавел-махкара баьхкинера», — аьлла. |
| 4 |
| «Хьан цӀа чуьра хӀун гира царна?» — аьлла, хаьттира ЕшаӀ-ЯхӀус. «Сан цӀахь мел долу хӀума а гира царна. Сан хазнаш чохь хӀумма а ца йисна ас царна гайтаза», — элира Хьузакх-ЯхӀус. |
| 5 |
| ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира Хьузакх-ЯхӀуга: «ЛадогӀа, массо а ницкъийн Везачу Эло хӀун боху: |
| 6 |
| „Цхьа хан йогӀур ю, хьан цӀа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дӀахьош. ХӀумма а бухадуьсур дац, — боху Везачу Эло. — |
| 7 |
| Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кӀентех цхьаберш а дӀабуьгур бу. Бавелан паччахьан цӀахь баьӀна ялхой бийр бу царах“». |
| 8 |
| Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» — бохуш. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/isaiah/039.mp3
66
39