Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Цу дийнахь ворхӀ зудчо, цхьа стаг схьа а лаьцна, эр ду: «Тхайн бепиг дуур ду оха, тхайн духар а лелор ду, ахь хьайн цӀе лелаяйтахь тхоьга тхаьшна тӀера эхь дӀадаккха». |
| 2 |
| Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зӀийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. |
| 3 |
| Цийонан гӀалахь бисначех а, Ярушалаймехь дийна бисначех а — Ярушалайм-гӀалахь дахарна дӀакъастийначех массарех а — Дала базбинарш эр ду. |
| 4 |
| Иза иштта хир ду, Хьалдолчу Эло Цийонан зударий цӀена ца хилар дӀадаьккхича, Ярушалайм цунна тӀерачу цӀийх дӀацӀанйича. Цо иза дийр ду кхел яран а, цӀеран а синца. |
| 5 |
| Берриг а Цийон-лома тӀехула а, цунна тӀехь мел гулбинчу нахана тӀехула а Везачу Эло дийнахь кӀуьран марха а, буьйсанна сирла йогуш цӀе а латтор ю. Делан ерриге а сийлаллина тӀехь марханан кхалор хир ю. |
| 6 |
| Цу кхалоро дийнахь йолчу йовхонах дӀалачкъа ӀиндагӀ лур ду, ткъа догӀанах а, дарцах а къайлавала иза бун санна хир ю. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/isaiah/004.mp3
66
4