|
| 1 |
|
| Иштта боху Везачу Эло: «Мичахь ду шун ненан дӀасакъастаран кехат, Ас иза дӀайохуьйтуш цуьнгахь хилла долу? Я Сайна духалург ахча деллачух хьанна доьхкина Ас шу? Шу доьхкина ду, шайн къинош бахьана долуш. Шун зуламаш бахьана долуш, дӀаяхийтина ю шун нана. |
|
| 2 |
|
| Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хӀунда вацара? Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хӀунда ца делира? Сан куьг дацделла ткъа шуна гӀо дан, я Сан ницкъ дӀабаьлла ткъа шу кӀелхьардаха? Ас Сайн омрица хӀорд бакъабо, хих яьсса аре йо, тӀаккха царна чуьра чӀерий, хи а ца тоьий, дахкало, хьогаллина ле. |
|
| 3 |
|
| Ас стигалш боданехь дӀахьулйо, сингаттаман духар тӀе а тосий». |
|
| 4 |
|
| Хьалдолчу Эло Ӏеминчеран мотт белла Суна, гӀелвеллачунна гӀо даран дош суна довзийтархьама. ХӀора Ӏуьйранна Цо самавоккху Со, дешархочуьнга санна, тидамца соьга ладогӀийта. |
|
| 5 |
|
| Хьалдолчу Эло Сан лергаш схьадиллина, ткъа Со аьрха а вацара, я Со юха а ца велира. |
|
| 6 |
|
| Сайна еттачарна букъ кӀелхӀоттийра Ас, ткъа Сайн маж дӀаийзочарна — беснеш. Ас юьхь дӀа ца лачкъийра, Сайна дов деш а, шеташ етташ а. |
|
| 7 |
|
| Хьалдолчу Эло Суна гӀо дарна, Суна эхь хетар дац. Цундела Ас Сайн юьхь, мокхаз санна, латтайо. Суна хаьа, Со юьхьӀаьржачу хӀуттур воцийла. |
|
| 8 |
|
| Со бакъвеш волу Дела уллохь ву. Мила ву Соьца къовсавала лууш? ДӀахӀоттаве тхойшиъ дуьхь-дуьхьал! Мила ву Со бехкеван лууш верг? ТӀеваийта иза Суна! |
|
| 9 |
|
| Хьалдолчу Эло гӀо до Суна. Хьаьнга ялур ю Суна кхел? Уьш массо а, бедар санна, тишлур бу, нецано йиъна хӀума санна, дӀабевр бу. |
|
| 10 |
|
| Мила ву шуна юкъахь Везачу Эле ларамах вуьзна а, Цуьнан Ялхочо дуьйцучуьнга ладугӀуш а? Бодашкахь, серло а йоцуш, лелаш верг, Везачу Элан цӀарах тешна Ӏаш а хуьлийла, шен Далла тӀетевжаш а хуьлийла. |
|
| 11 |
|
| Ткъа шу, цӀе латош дерш, шаьш латийначу цӀера юккъе гӀо! Догуш долу пхерчий схьаэцнарш, шаьш латийначу пхерчашна юккъехь лела! Иза Сан куьйго дийр ду шуна: Ӏазап а хьоьгуш, охьаховшур ду шу. |
|
|
|
|