1
Мила тешна хир вара тхоьгара хезначух? Хьанна гайтина бара Везачу Элан нуьцкъала пхьарс?
2
Иза Цунна хьалха, ховха маргӀал санна, декъачу лаьттара хьалаболу орам санна, кхиъна ву. Цуьнгахь я куц а, я исбаьхьалла а яцара вайн тидам цунна тӀебахийта. Цуьнга хьаьжча, цхьа а хӀума дацара вай Цунна тӀеозалуш долу.
3
Нах ца баьшна а, наха дӀатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгӀазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тӀера юьхь дӀаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера.
4
Амма, вайн эгӀазаллаш тӀе а лаьцна, Цо вайн лазарш дӀадаьхьира. Ткъа вайна моьттура, Иза таӀзар динарг, — Дала тоьхнарг а, Цо ницкъ бинарг а вара.
5
Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таӀзар дара Цунна тӀехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта.
6
Вай массо а тиладелла уьстагӀий санна дара, хӀора а шен-шен новкъа тӀевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тӀе вайн массеран а къинош а, бехк а.
7
Цунна гӀело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гӀаттийра Цо. Урс хьакха дӀабуьгуш болчу Ӏахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Ӏаь ца йолуьйтучу уьстагӀо санна, Шен бага хьала ца гӀаттийра Цо.
8
Цуьнан гӀуллакх харц къасторна, Иза дӀаваьккхира. Амма Цуьнан тӀаьхьенах лаьцна хьан ойла йора? Дийначеран лаьтта тӀера дӀаваьккхина вара Иза. Сан халкъан къинош бахьанехь Цунна ницкъ бира.
9
Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дӀавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а.
10
Амма Везачу Элан лаамехь дара Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а. Нагахь Шен синах Цо гӀуда такхаран сагӀа дахь, тӀаьхьенах берш гур бу Цунна, Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо, ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца Везачу Элан лаам кхочушхир бу.
11
Шен сино бала хьегначул тӀаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тӀекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тӀехь дӀа а хьур ду.
12
Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна, ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо, Цо Шен дахар Ӏожаллина дӀадаларна а, зуламхойх Иза дӀатоьхна хиларна а. Цо дуккха а болчеран къинош дӀа а даьхьира, зуламхошна тӀера доӀанаш а дора.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012