|
| 1 |
|
| Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тӀе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагӀар а, шура а эца! |
|
| 2 |
|
| Аш хӀунда луш ду ахча шайна пайденна доцучух? Мах а луш, меца хӀунда дуьсуш ду шу? Дика Соьга ла а догӀий, мерзаниг дӀадаа, тӀаккха аша тоьллачу кхачанах дезар оьцур ду. |
|
| 3 |
|
| ХӀинца тидам бе, Суна тӀедуьйла! ЛадогӀа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна. |
|
| 4 |
|
| Хьовсал, Ас Цунах дуккха а халкъашна теш вира, тхьамда а, куьйгалхо а вира царна. |
|
| 5 |
|
| Хьайна девзаш доцу халкъаш тӀекхойкхур ду ахь, хӀинццалц царна хьо а ца девзара. Уьш хьуна тӀекхача сихлур бу, хьан Везачу Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан, дуьхьа, хӀунда аьлча Цо хьан сий лакхадаьккхина». |
|
| 6 |
|
| Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь. |
|
| 7 |
|
| Ӏесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо — шен ойланаш. Везачу Элана тӀевоьрзийла иза — Цо цунах къинхетам бийр бу — Вайн Далла тӀе, хӀунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. |
|
| 8 |
|
| «Сан ойланаш шун ойланаш яц, шун некъаш Сан некъаш дац, — боху Везачу Эло. — |
|
| 9 |
|
| Стигалш лаьттал лекха ма-хиллара, Сан некъаш а ду шун некъел лекха, Сан ойланаш а ю шун ойланел лекха. |
|
| 10 |
|
| ДогӀа а, ло а, стигалара охьа а догӀий, цара латта даша а дой, цу тӀехь хьаладолург кхуьуьйту, ялта дӀадуьйш волчунна хӀу а, юуш волчунна юург а хуьлуьйтуш. ТӀаккха бен уьш стигала юха ца доьрзу. |
|
| 11 |
|
| Иштта ду Сан багара схьадолу дош а — иза даьсса юха ца доьрзу Суна тӀе. Цо Суна луург кхочушдо, Ас даийтина дош Ӏалашоне кхочу. |
|
| 12 |
|
| Делахь, шу самукъадаларца арадевр ду, машарца новкъа а дохур ду. Лаьмнаша а, гунаша а шуна хьалха эшарш лоькхур ю, аренашкарчу дитташа шайн тӀараш деттар ду. |
|
| 13 |
|
| Коканийн метта, зоьзан дитт хьаладер ду. КӀохцалийн метта, миртан дитт хьалагӀур ду. И дерриг а хир ду Веза Эла дагаваийтарна а, гуттаренна йолчу а, дӀаер йоцучу а билгалонна а». |
|
|
|
|