|
| 1 |
|
| Везачу Эло боху: «ЧӀоггӀа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маӀах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тӀаьхьенна цуьнан къинош а дӀахаийта. |
|
| 2 |
|
| Цара хӀора дийнахь лоьху Со. Сан некъаш довза а лууш долуш санна а, нийсонца лелаш долуш санна а, шен Делан лаамаш дӀа ца тосуш долуш санна а долу халкъ ду иза. Цара нийсонца гӀуллакх къасторах хоьтту Соьга, Далла гергакхача лууш санна а бу уьш». |
|
| 3 |
|
| Наха хоьтту: «Оха марха кхобу, Хьуна хӀунда ца го иза? Тхо кӀезиг хилар гойту оха, цуьнан тидам хӀунда ца бо Ахь?» Везачу Эло боху цаьрга: «Шаьш марха кхобучу дийнахь шайн лаам кхочушбо аш, кхечарна а хала белхаш бар тӀедуьллу. |
|
| 4 |
|
| Марха а кхобуш, аш девнаш доху, эгӀа а оьгӀу, иштта буйнаш детташ лета. Лакхахь шайн аз хазийтархьама, ца кхобу аш цу хенахь марха. |
|
| 5 |
|
| Иштта дуй те Суна лууш долу марха, стага шена ницкъ бен а, маргӀало санна, шен корта охьатаӀабен а, шена кӀел сингаттаман бедарш а, чим а туьйсу де? Цунах олу ахь марха долу а, Везачу Элана дезаш долу а де? |
|
| 6 |
|
| ХӀара ду Суна лууш долу марха: харцонан гӀоьмаш дӀаяха, дезачу дуькъан машшаш дӀадаста, Ӏазапехь берш паргӀатбаха, муьлхха а дукъ дохаде, |
|
| 7 |
|
| мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цӀа чу бига, верзинчунна тӀе бедар юха, хьайн гергарчух дӀа ма лачкъа. |
|
| 8 |
|
| ТӀаккха хьан серло, сахуьлучу хенахь санна, гучуер ю, хьан товалар сихха хир ду, хьан нийсо хьуна хьалхаяьлла дӀагӀур ю, Везачу Элан сийлалла а тӀаьхьадогӀур ду хьуна. |
|
| 9 |
|
| Ахь кхайкхича, Везачу Элана хезар ду, ахь орца даьккхича, Цо эр ду: „Со кхузахь ву!“ Ахь хьо волчуьра Ӏазап латтор дӀа а даккхахь, пӀелг айарца стаг бехкеван а, стаг сийсазвеш долу къамел а сацадахь, |
|
| 10 |
|
| доллучу синца мецачунна яа хӀума а лахь, гӀело ловш волчун дог а эцахь, тӀаккха хьан серло кхетар ю боданехь, хьан бода делкъе санна хир бу. |
|
| 11 |
|
| Веза Эла гуттар а хьан тхьамда хир ву. Цо, йокъа хӀоьттича, хьуна оьшург латтор ду, хьан даьӀахкаш чӀагӀйийр ю, тӀаккха хьо хих Ӏабийна беш санна а, цкъа а хи ца кхачош долу хьоста санна а хир ву. |
|
| 12 |
|
| Хьан халкъо юхаметтахӀиттор ю шира херцораш, юха а дӀахӀиттор ду дуккха а тӀаьхьенаша дитина цӀенойн баххаш. Хьох пенаш тодеш верг а, херцийна урамаш, цигахь Ӏархьама, юхаметтахӀиттош верг а эр ду». |
|
| 13 |
|
| «Нагахь шоьтан дийнан дуьхьа, хьайна дан тамехь хета гӀуллакхаш а ца деш, Сан дезачу дийнахь куьг-ког ахь лардахь, шоьтан дийнах зовкх хьоьгу а, Везачу Элан деза а де ахь алахь, иза лоруш, цу дийнахь гуттара а айхьа деш долу гӀуллакхаш а ца деш, хьайна тамехь дерг а ца лоьхуш, эрна хабарш а ца дуьйцуш, хьо хилахь, |
|
| 14 |
|
| хьуна Везачу Элаца хиларан хазахетар карор ду. Ас хьо лаьттан лакхенашка хьалавоккхур ву, Якъубана, хьан дена кхаьчна болчу махке зовкх хьоьгуьйтур ду». Хаа ду шуна, Везачу Эло аьлла ду иза. |
|
|
|
|