1
Ӏузи-ЯхӀу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цӀа хьаладуьзнера.
2
Цунна тӀехула лаьттара сирап-маликаш. Церан хӀораннан а ялх тӀам бара: шинца цара юьхь дӀакъовлура, шинца когаш къайлабохура, ткъа шинца тӀема довлура уьш.
3
Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!»
4
Церан аьзнаша Делан цӀийнан неӀсагӀанаш егайора, ткъа цӀа кӀуьрах хьаладуьзира.
5
Ас элира: «Къа ду сан! ХӀаллакьхили со! Сан бага цӀена яц, цӀена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Ӏаш а ву со, ткъа сан бӀаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла».
6
ТӀаккха цхьа сирап-малик суна тӀедеара. Морзахца сагӀа доккхучу кхерчара схьаэцна, богуш болу кӀега бара цуьнан карахь.
7
КӀега сан бетах а Ӏоьттина, цо элира: «ХӀара хьан бетах хьакхабелла, хӀинца хьан бехк дӀа а баьккхина, хьан къиношна гечдина».
8
Юха суна Хьалдолчу Элан аз хезира. Цо бохура: «Мила вахийта Ас? Мила гӀур ву Вайн дуьхьа?» ТӀаккха ас элира: «Со кийча ву! Со вахийтахьа».
9
Цо элира: «Ваха а гӀой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша“.
10
Оцу нехан дегнаш чӀагӀде, лергаш къорде, бӀаьргаш дӀакъовла, церан бӀаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тӀаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тӀе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара».
11
Ас элира: «Дукхачу ханна хир дуй иза, Хьалдолу Эла?» Цо жоп делира: «ГӀаланаш ясса а елла, бахархой а боцуш йиссалц, адамаш доцуш цӀенош диссалц, хӀара латта дерриг а дассадаллалц.
12
Веза Эла волчу Аса адамаш кхузара генна дӀадуьгуьйтур ду, тӀаккха хӀара латта чӀогӀа дассалур ду.
13
Адамийн уьтталгӀа дакъа лаьтта тӀехь дисахь а, мохк юха а багийна хир бу. Амма ножах, хадийча, лаьттахь юьхк йисаре терра, цу халкъан йисначух деза хӀу хир ду».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012