Оцу бертан тӀедожорш Аса шун дайшна тӀедехкина, Аса уьш эчиг лалош йолу пеш санна хиллачу Мисар-махкара арабохучу хенахь. Аса цаьрга аьллера: ‘Соьга ла а догӀий, Аса шуьца бинчу бертан тӀедожорш кхочуш а де, Аса шуна тӀедехкинчуьнга хьаьжжина. ТӀаккха шу Сан къам хир ду, Со шун Дела а хир ву.
Амма шун дайша Соьга ла а ца дугӀура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тӀедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хӀокху бертан таӀзарш царна тӀехьажийра“».
Веза Эла волчу Аса Сан къам долчу хьох лаьцна аьллера, хьо хазачу кепара болу стоьмаш тӀехь а болуш лаьттачу сийначу зайтдиттах тера бу. Ткъа хӀинца, доккхачу дарцан гӀовгӀанца, Аса цунна цӀе латор ю, цуьнан гаьннаш цхьана а пайденна а хир дац.
И дитт массо а ницкъийн Везачу Эло доьгӀна ду. Цо ма-аллара, и бохамаш хьуна тӀе кхачаран бахьана Исраилан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенаша дина долу зуламаш ду. БаӀална сагӀанаш а дохуш, цара Со оьгӀазвахийтина».
Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хӀунда аьлча сан гӀуллакх Аса Хьан кара дӀаделла.