Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугӀур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кӀен сагӀанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тӀеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца хӀаллакбийр бу Аса уьш».
ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цӀарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хӀумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Ӏехорна а тӀехь лаьтташ бу.
Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цӀарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хӀокху лаьтта тӀе, герз карахь а долуш, мостагӀий богӀур бац, иштта кхузахь мацалла а хӀуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу.
Церан кхайкхамашка ладоьгӀнарш Ярушалайман урамашкахь дӀасакхиссина хир бу, туьро а, мацалло а хӀаллак а бина. Уьш дӀабохка стаг а хир вац: я церан зударий а, я кӀентий а, я зудабераш а. Цара лелийначу вонна догӀу таӀзар Аса дийр ду царна.
Аренга Со араваьлча, туьро хӀаллакбинарш го Суна, гӀала Со чувеача, мацалло кӀелбитинарш а го. Пайхамарш а, динан дай а бу лаьттахула кхетам дӀабаьлла лелаш“».