ХӀордан йистерачу гӀамарал а дукха хир бу бисина болу зударий. Делкъахенахь хӀаллакдийриг вохуьйтур ву Аса церан къонахойн наношна дуьхьал. ЦӀеххьана тосур бу Аса царна тӀе кхерам а, къемат а.
ВорхӀ кӀант винарг ю са ийзош Ӏуьллуш. Цуьнан малх, де суьйренга а далале, чубуьзна, ткъа иза юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, Ӏуьллуш ю. МостагӀийн таррашка Аса хӀаллакбойтур бу цунах дийна бисинарш’, — боху Везачу Эло“».
Дагахьбаллам бу суна, сан нана, ахьа со дуьнен чу ваккхарна: со ву массо а мохк бехке бан безаш верг. Аса цкъа а нахера декхар а ца даьккхина, я юхалург а ца делла, амма массара а сардамаш кхайкхош верг со ву.
Хьан дешнаш соьга схьакхечира, аса уьш сайн кийрахь дӀадехкина. Оцу дешнаша со ирс долуш вина, сан дага чохь самукъадалар а кхоьллина, хӀунда аьлча со Хьан долахь ма ву, массо а ницкъийн волу Веза Дела!
ХӀунда бу те хӀара лазам хедар боцу, хӀунда ца йоьрзу те сан чов дӀа? Веза Эла, Хьо соьца Ӏехош долу татол санна хир ву? Хьо соьца цатешаме йолу Ӏовраш санна хир ву?