Беллачарна боьлхуш болчу нахана цхьаммо а яа хӀума а яхьар яц, церан догъэцархьама. Цхьаммо а кад кховдор бац цаьрга, шайн да я нана яларна церан догъэцархьама.
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Кестта Аса сацор ду кхузара самукъане аьзнаш а, зударий балош болчеран а, нускалийн а аьзнаш а. Иза шу дехачу заманахь хир долуш ду».
«Кестта Аса дуккха а чӀерийлецархой хьажор бу цига, — боху Везачу Эло. — Цара и нах схьалоьцур бу. Цул тӀаьхьа Аса иччархой бохуьйтур бу, цаьрга и нах массо а лаьмнашкара а, гунаш тӀера а, тархашна юккъехь йолчу хераллашкара а дӀабахийта.
Уьш юхаметтахӀоттабале, цара лелийначу зуламашна а, цара летийначу къиношна а догӀург шозза дӀалур ду Аса оцу нахана, хӀунда аьлча, декъий санна, са доцучу шайн цӀушца цара Сан латта бехдина, шайн дегазчу харцделанех цара Сан долахь дерг дуьзна».
Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дӀалечкъийла а! Хьо волчу догӀур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьӀӀера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Ӏамал еш а хилла. Амма цу цӀуша царна цхьа а тайпана гӀо ца дина.