Кху гӀалин массо а бахам церан мостагӀийн кара дӀалур бу Аса. Къахьегарца гӀалин халкъо мел гулдинарг а, гӀалин массо а еза хӀуманаш а, яхӀудхойн паччахьийн хазна а мостагӀийн кара дӀалур ю Аса. Цара и массо а хӀума хӀонс санна Бавеле дӀахьур ю.
Веза Эла, Ахьа со Хьайна тӀеозийна, ткъа со Хьох Ӏехавелла. Хьо сол ницкъ болуш ву, Ахьа со эшийна. Со массарна а хьалха белам хилла, нах сох массо а дийнахь кхаьрдаш бу.
Со вист мосазза хуьлу, Аса, мохь а бетташ, кхойкху: «Къизалла а, хӀаллакьхилар а хир ду». Везачу Элера болу и хаам ас барна, наха со сийсаз а во, сох массо а дийнахь кхаьрда.
ТӀаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла, бийр бац аса Цуьнан цӀарах хаамаш». Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цӀе санна, догура, сан даьӀахкашкахь дӀахьулйина цӀе санна, иза летара. Со хӀоьттинера иза сайгахь сецо гӀерташ, соьга иза кхин сеца а ца лора.
Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гӀалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагӀаша боху: «Иза Ӏехо мегар ву. ТӀаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу».
Массо а ницкъийн Веза Эла! Хьо бакъахьара леларш зуьйш ву, нехан даг чохь дерг Хьуна дика го. Айхьа царна бекхам беш гайтахьа суна, сан гӀуллакх аса Хьан кара дӀаделла дела.