1
Оццу шарахь, яхӀудхойн паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀус олалла дечу дуьххьарчу заманахь — доьалгӀачу шеран, пхоьалгӀачу баттахь цуьнан паччахьаллехь — ГавӀонера пайхамар волу Ӏазуран кӀант Хьанан-ЯхӀу соьга вистхилира. Везачу Элан цӀийнан кертахь а волуш, динан дайшна а, массо а халкъана а хьалха Хьанан-ЯхӀус соьга элира:
2
«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса дохор ду Бавелан паччахьан дукъ.
3
Ши шо далале, Аса оцу метте юхаяхьар ю Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Везачу Элан цӀа чуьра Бавеле дӀаяьхьна йолу ерриге а хӀуманаш.
4
ЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу а, ЯхӀуд-махкара Бавеле дӀабигна болу массо а йийсархой а Аса хӀокху метте юхаберзор бу, — боху Везачу Эло. — Аса дохор ду Бавелан паччахьо яхӀудхошна тӀедиллина долу дукъ“».
5
ТӀаккха Ярми-ЯхӀу Везачу Элан цӀийнан кертахь болчу динан дайшна а, массо а нахана хьалха пайхамар волчу Хьанан-ЯхӀуга вистхилира.
6
Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Иштта хуьлийла иза, Везачу Эло иштта нисдойла иза! Везачу Элан цӀийнан хӀуманаш а, массо а йийсархой а Бавелера хӀокху метте юха а берзош, Везачу Эло кхочушдойла ахьа Делан цӀарах аьлла долу дешнаш!
7
Амма ахьа ладогӀалахь аса хӀинца хьоьга массарна а хозуьйтуш олучуьнга.
8
Хьол а, сол а хьалха хиллачу пайхамарша, хиндолчух лаьцна Делера болу хаамаш шаьш бечу хенахь, дуккха а мехкашна а, яккхийчу пачхьалкхашна а тӀом а, бохам а, ун а хир ду аьлла.
9
Нагахь санна цхьана пайхамаро, машар хир бу аьлла, схьакхайкхош хилча, иза, баккъал Везачу Эло ваийтина пайхамар ву аьлла, тӀелоцуш ца хилла, цо аьлларг кхочушхиллалц».
10
ТӀаккха пайхамар волчу Хьанан-ЯхӀус Ярми-ЯхӀун кочара дукъ, схьа а даьккхина, дохийра.
11
Массо а халкъана хьалха Хьанан-ЯхӀус хӀара дешнаш элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Оццу тайпана Аса, ши шо далале, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран дукъ а дохор ду, массо а къаьмнийн кочара схьа а даьккхина“». Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀу-пайхамар шен новкъа дӀавахара.
12
Хьанан-ЯхӀу-пайхамаро Ярми-ЯхӀу-пайхамаран кочара дукъ дохийначул тӀаьхьа, Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга:
13
«Ваха а гӀой, Хьанан-ЯхӀуга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ахьа дохийнарг дечиган дукъ ду, ткъа ахьа динарг бахьана долуш, цуьнан метта аьчка дукъ хир ду’.
14
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Аса аьчка дукъ дуьллур ду цу массо а къаьмнийн коча, уьш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран куьйга кӀелахь хилийта. Уьш цунна гӀуллакх деш лелар ду. Аса аренан акхарой а цунна дӀаелла’“».
15
Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира Хьанан-ЯхӀу-пайхамаре: «ЛадогӀал соьга, Хьанан-ЯхӀу, хьо Везачу Эло ваийтина вац. Ткъа ахьа хӀара халкъ харцхаамах тешийтина.
16
Цундела Везачу Эло иштта боху: „Аса кху дуьнен чуьра дӀавуьгур ву хьо, Хьанан-ЯхӀу. Хьо кху шарахь лийр ву, хӀунда аьлча ахьа кхайкхийнарг бахьана долуш нах Везачу Элана дуьхьалбевр бу“».
17
Цу шеран ворхӀалгӀачу баттахь Хьанан-ЯхӀу-пайхамар велира.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012