Массара а Ӏебархой болу божарех а, зударех а болу леш паргӀатбаха безаш бара. Цхьаннен а шайн къомах болу а, ЯхӀудан тайпанах болу а леш шайгахь сецо бакъо яцара.
Массо а баьччанаша а, дерриг а халкъо а шайгахь болу божарий-леш а, иштта зударий-леш а паргӀатбаха а, уьш кхин йийсарехь шайгахь латтор боцу а барт тӀеэцнера. И барт а бина, массара а шайн леш дӀахецнера.
Амма, ойла а йина, шаьш паргӀатбаьхна болу леш юхабало хӀиттинера уьш. Цара хьалха шайн леш хилла болу божарий а, зударий а юха а леш бина дӀахӀиттийнера.
Амма хӀинца шайн дегнаш юха хийцира аша, Сан цӀе сийсаз а йоккхуш. Аша шайна луъучу дӀабаха паргӀатбаьхна болу божарех а, зударех а болу леш шайна юхабалийра, уьш юха а шайна муьтӀахь а бина“.
Аса яхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу а, цуьнан баьччанаш а уьш байа гӀерташ болчу церан мостагӀийн кара дӀалур бу. Аса уьш Бавелан паччахьан эскаран кара дӀалур бу, и эскар хӀинца шуьца тӀом беш долчуьра юхадаьллехь а.
Ас омра дийр ду, — боху Везачу Эло, — уьш и гӀала йолчу юхабахкийта. Цара, тӀе а летта, иза схьа а йоккхур ю, цӀарца ягор а ю. ЯхӀуд-махкара гӀаланаш Аса яссор ю, цигахь цхьа а адам а хир дац дехаш“».