|
| 1 |
|
| ЯхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волу уьссалгӀачу шеран уьтталгӀачу баттахь Бавелан паччахь Набухди-Нецар, дерриг а шен эскар а далош, Ярушалаймана го а бина, дӀахӀоьттира. |
|
| 2 |
|
| Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волчу цхьайтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀачу дийнахь гӀалин пенех мостагӀаша Ӏуьрг даьккхира. |
|
| 3 |
|
| Бавелан массо а мехкан баьччанаш, гӀалина чу а баьхкина, Юккъерачу кевнна хьалха охьахевшира. Царна юкъахь Самгар-кӀоштан куьйгалхо Нургал-Шар-Эцар а, тӀеман коьрта хьаькам Сар-Сахим а, кхечу тайпана тӀеман хьаькам Нургал-Шар-Эцар а, иштта массо а кхиболу Бавелан паччахьан баьччанаш а бара. |
|
| 4 |
|
| ЯхӀудхойн паччахь а, цуьнца болу тӀемалой а, уьш шайна гича, буьйсанна гӀалара ара а бевлла, бевдда дӀабахара. Уьш, паччахьан бешахула, шина пенна юккъехь долчу кевнах чекх а бевлла, Ӏариба-тогӀи йолчу дӀабахара. |
|
| 5 |
|
| Амма хашадхойн эскар царна тӀаьхьаделира. Уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тӀевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гӀалин махкахь йолчу Рабила-гӀалахь вара. Цигахь цо ЦӀадукъ-ЯхӀуна кхел йира. |
|
| 6 |
|
| Циггахь, Рабила-гӀалахь, Бавелан паччахьо а ЦӀадукъ-ЯхӀуна хьалха цуьнан кӀентий байира. Иштта ЯхӀуд-махкара баьччанаш а байира цо. |
|
| 7 |
|
| Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀу, бӀаьргаш а баьхна, буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавига кечвира. |
|
| 8 |
|
| Хашадхоша паччахьан цӀа а, иштта Ярушалаймехь долу цӀенош а дагийра, гӀалин гонахара пенаш а охьаэгийра. |
|
| 9 |
|
| ГӀалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дӀабигира. |
|
| 10 |
|
| Шайн долахь цхьа а хӀума а доцуш болчу къечу нахах цхьаберш гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана ЯхӀуд-махкахь битира, царна кхаш а, кемсийн бошмаш а дӀа а елла. |
|
| 11 |
|
| Ткъа Ярми-ЯхӀух лаьцна Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Аданехула тӀедиллинера: |
|
| 12 |
|
| «Иза схьа а лахий, цуьнан дола де. Цунна цхьа а тайпа вон а ма де, амма цо мел аьлларг де», — аьлла. |
|
| 13 |
|
| ГӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана а, тӀеман коьрта хьаькам волчу Набуш-Забана а, тӀеман хьаькам волчу Нургал-Шар-Эцара а, иштта кхиболчу хашадхойн тӀеман хьаькамаша а Ярми-ЯхӀу лаха нах бахийтира. |
|
| 14 |
|
| Оцу наха Ярми-ЯхӀу, гӀаролхойн кертара схьа а эцна, Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант волчу Гадал-ЯхӀун кара дӀавелира, цуьнга иза шен цӀа дӀавигийтархьама. Ярми-ЯхӀу шен халкъана юкъахь ваха висира. |
|
| 15 |
|
| Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чувоьллина волчу хенахь, цуьнга Везачу Элера хаам кхаьчнера: |
|
| 16 |
|
| «Ярми-ЯхӀу, ваха а гӀой, хушахо волчу Ӏабайд-Малике хӀара дешнаш дӀаала: „Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘ХӀокху гӀалина, диканиг а ца деш, бохам бийр бу аьлла долу Сайн дешнаш кхочушдан хӀоьттира Со. Иштта хилча, хьан бӀаьргашна хьалха иза кхочушхир ду. |
|
| 17 |
|
| Амма хьо Аса кӀелхьарвоккхур ву, — боху Везачу Эло. — Хьо кхоьручу нехан кара дӀалур вац хьо. |
|
| 18 |
|
| Ас хьо кӀелхьарвоккхур ву, хьо туьрах лийр вац, хьан дахар хӀонс санна хир ду хьуна, хӀунда аьлча хьо сох тешна дела’, — боху Везачу Эло“». |
|
|
|
|