Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Юши-ЯхӀун кӀант волчу а, яхӀудхойн паччахь волчу а ЯхӀу-Якхама олалла дечу доьалгӀачу шарахь Ярми-ЯхӀу-пайхамаро олу дешнаш Нери-ЯхӀун кӀант Барух тептар тӀехь дӀаяздеш вара. Оцу хенахь Ярми-ЯхӀу Барухе вистхилира: |
| 2 |
| «ХӀара боху хьоьга, Барух, Исраилан халкъан Везачу Дала: |
| 3 |
| „Ахь боху: ‘Маржа-яӀ! Везачу Эло сан деган лазамна тӀе гӀайгӀа тоьхна. Аса дечу узарша гӀелвина со, ткъа суна синтем бац’. |
| 4 |
| Иштта дӀаала цуьнга, Ярми-ЯхӀу: ‘Везачу Эло боху: ‹Айса мел хӀоттийнарг а Ас дохор ду, Айса дӀа мел йоьгӀнарг а орамашца схьайоккхур ю. Иза Ас дерриг а махка тӀехь дийр ду. |
| 5 |
| Барух, Аса хьайна даккхий гӀуллакхаш дар лууш вуй хьо? Ма лаа иза, хӀунда аьлча Ас массо а адамашна боккха бохам бийр бу, — боху Везачу Эло. — Амма хьо мичча вахча а, хьан дахар Аса хьуна, хӀонс санна, лур ду›’“». |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/jeremiah/045.mp3
52
45