Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| ПирӀун Ӏази-гӀалина тӀелатале хьалха Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элера пӀелаштамхойх лаьцна болу хӀара хаам кхаьчна. |
| 2 |
| Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехь хиш ду хьаладовлуш, ткъа царах тӀехйолу Ӏовраш хир ю. Уьш тӀеевр ю пӀелаштамхойн махкана а, цу тӀехь мел долчу хӀуманна а тӀе, гӀаланашна а, царна чохь Ӏаш долчу адамашна а тӀе. Цигара нах орца даха буьйлалур бу, махкахь мел Ӏаш берш боьлхур бу. |
| 3 |
| Царна ницкъ болчу говрийн когийн татанаш хезар ду, гӀудалкхаша еш йолу гӀовгӀа а хезар ю. Цу гӀовгӀана юкъахь дай шайн берашка дӀахьажа а, царна гӀо дан а кхуьур бац, хӀунда аьлча гӀора дӀадаьлла болчу цара шайн куьйгаш охьадохуьйтур ду. |
| 4 |
| Берриг а пӀелаштамхой хӀаллакбен де тӀекхаьчна, Цора-гӀалина а, ЦӀадан-гӀалина а дисина долу гӀо дӀахеда хан тӀекхаьчна. Везачу Эло хӀаллакбийр бу пӀелаштамхой, КаптӀар-гӀайренах схьаваьлла мел виснарг. |
| 5 |
| Шайн сингаттам а гойтуш, Ӏази-гӀаларчу наха шайн кортош дӀадошур ду, Ашкхилун-гӀалара нах бист ца хуьлуш хир бу. ПӀелаштамхойх дийна мел диснарш, дукха хир ду шу, шайн догӀмаш а хедош, шайгара боккха сингаттам гайтархьама? |
| 6 |
| „Мел лелар ду хьо, Везачу Элан тур, саццаза таӀзар деш? — боху аша. — Юхадерзахьа хьайн батта чу, сацахьа, меттадолахьа“. |
| 7 |
| Амма иза муха соцур ду, нагахь шега Везачу Эло омра дича? Ашкхилун-гӀалина а, хӀордан йистана а, тӀелата омра дина Везачу Эло». |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/jeremiah/047.mp3
52
47