|
| 1 |
|
| ЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦӀадукъ-ЯхӀун ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-гӀалара Ярми-ЯхӀун йоӀ яра. |
|
| 2 |
|
| ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо а, шен дас ЯхӀу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. |
|
| 3 |
|
| Делахь а Ярушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла. Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира. |
|
| 4 |
|
| ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тӀамца тӀевахара. ГӀалина уллохь меттамотт дӀа а хӀоттийна, ерриг а гӀалина гонах гунаш дира цара, иза схьаяккха кечам бархьама. |
|
| 5 |
|
| ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до цхьайтталгӀа шо тӀекхаччалц, мостагӀаша го бина лаьттира Ярушалайм. |
|
| 6 |
|
| Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, гӀалахь мацалла йолаелира. Цу чохь болчу бахархошна даа хӀума ца диснера. |
|
| 7 |
|
| МостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, берриг а Ярушалаймера тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь лаьттачу кевнехула гӀали чуьра араделира массо а эскар. Иза Ӏариба-тогӀи йолчу дедда дӀадахара. |
|
| 8 |
|
| Амма хашадхойн эскар тӀаьхьаделира ЦӀадукъ-ЯхӀуна. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш цунна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера берриш а тӀемалой цунна уллора дӀасабевдира. |
|
| 9 |
|
| Паччахь схьа а лаьцна, цара иза Бавелан паччахь волчу схьавалийра Хьамат-махкахь йолчу Рабила-гӀала. Цигахь цунна кхел йира. |
|
| 10 |
|
| Бавелан паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира, иштта ЯхӀуд-махкара элий а хӀаллакбира цо Рабила-гӀалахь. |
|
| 11 |
|
| Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀун ши бӀаьрг а баккхий, цунна цӀестан буржалш тоха аьлла, омра дира цо. Цул тӀаьхьа Бавелан паччахьо иза, Бавеле дӀа а вигна, набахти чу воьллира. Иза ша валлалц цу набахти чохь ваьллира. |
|
| 12 |
|
| Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. |
|
| 13 |
|
| Цо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош а дагийра. |
|
| 14 |
|
| Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. |
|
| 15 |
|
| Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана уггар къечарах болу цхьаберш а, Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гӀишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агӀор бевлларш а йийсаре дӀабигира. |
|
| 16 |
|
| Амма къечу нахана юкъара цхьадолу адамаш цо цу махкахь дитира, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама. |
|
| 17 |
|
| Хашадхоша дохийна дӀадехира Везачу Элан цӀенна хьалха долу цӀестан бӀогӀамаш а, цӀийнан кертахь меттахйохуш йолу цӀестан бухахӀотторгаш а, иштта цӀестан хӀорд а. Дерриг а цӀаста цара Бавеле дӀадаьхьира. |
|
| 18 |
|
| Цара иштта дӀаяьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а, Везачу Элана гӀуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цӀастанах йина мел йолу пхьегӀаш а. |
|
| 19 |
|
| Деших а, детих а мел йина хӀуманаш а дӀаяьхьира паччахьан гӀаролхойн хьаькамо: бошхепаш а, богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш а, цӀий чудуттуш долу боганаш а, тесаш а, къуьданаш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а, сагӀанийн боганаш а. |
|
| 20 |
|
| Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна лерина бина ши бӀогӀам а, боккха яй а, шийтта цӀастанах бина сту а, меттахйохуш йолу кӀелхӀотторгаш а чӀогӀа еза яра. Оцу хӀуманашна дахана долчу цӀастанан барам буста а ца лора. |
|
| 21 |
|
| ХӀора бӀогӀам берхӀитта дол лекха бара, ткъа цуьнан го буьстича, иза шийтта дол бара. И бӀогӀамаш юкъахь хара дара, ткъа церан пенаш биъ пӀелг шуьйра дара. |
|
| 22 |
|
| Хьалхарчу бӀогӀамна тӀехь цӀастанах дина таж дара, пхиъ дол лекха а долуш. Цу тӀехь цӀастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бӀогӀамна тӀехь а дара иштта дина цӀестан наран стоьмаш. |
|
| 23 |
|
| Массо а агӀор безткъе ялхитта наран стом бара, ткъа таж тӀехь уьш бӀе бара. |
|
| 24 |
|
| Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхӀу а, шолгӀа динан да волу Цапни-ЯхӀу а, Везачу Элан цӀа чу воьдийла ларъеш волу кхо гӀаролхо а йийсаре дӀавигира. |
|
| 25 |
|
| ГӀалахь кхидӀа бисинчарах цо дӀавигира тӀемалойн хьаькам а, паччахьан ворхӀ хьехамча а, нах эскаре дӀаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гӀалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а. |
|
| 26 |
|
| Уьш берриш а паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тӀе Рабила-гӀала дӀабигира. |
|
| 27 |
|
| Хьамат-махкарчу Рабила-гӀалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхӀудхой шайн махках бехира, йийсаре дӀа а бигина. |
|
| 28 |
|
| ХӀоккхул адам шен цӀера даьккхира Набухди-Нецара: ша паччахьалла дечу ворхӀалгӀачу шарахь ЯхӀуд-махкара кхо эзар ткъе кхоъ стаг араваьккхира цо. |
|
| 29 |
|
| Набухди-Нецара Бавелехь паччахьалла дечу берхӀитталгӀачу шарахь Ярушалаймера бархӀ бӀе ткъе шийтта стаг араваьккхира. |
|
| 30 |
|
| Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъе кхозлагӀчу шарахь Набузар-Адана ЯхӀуд-махкара ворхӀ бӀе шовзткъе пхиъ стаг араваьккхира. Верриг а йийсаре дӀавигнарг виъ эзар ялх бӀе стаг вара. |
|
| 31 |
|
| ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхӀитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дӀахӀоьттинчу шеран шуьйтталгӀачу беттан ткъе пхоьалгӀачу дийнахь. |
|
| 32 |
|
| Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цунна лекха ларам бира. |
|
| 33 |
|
| ЯхӀу-Яхинна пурба делира шена тӀера тутмакхан духар дӀадаккха. Дуьнен чохь ша кхин мел йоккхучу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хӀума йоура цо. |
|
| 34 |
|
| ЯхӀу-Яхин дуьнен чуьра дӀаваллалц, хӀора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург латтадора. |
|
|
|
|