Б уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БӀаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тӀехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагӀий а ямарта хили цунна. МостагӀий а хилла, дӀахӀитти-кх уьш цунна.
З ене долу къинош летадора Ярушалаймо. И бахьанехь догдели нехан а цунах. Хьалха, и хеста а еш, язйина лелларш хьоьжу хӀинца массо а ца бешаш цунах, гарна шайна и хӀинца ерзинаяьлла. Ша а цо ма доху даккхий синош хӀинца, шена эхь хетарна, дӀа а йоьрзуш.
Н ийсса лакхара Цо цӀе охьа ма теси, сан даьӀахкашна иза кӀоргге чу ма ели. Со дӀалоцу бой Цо сан когашка теси. Со, охьа а йожийна, Цо юха ма ерзийти. Сан синах а кхетта, Цо со дӀа ма теси, Дийнахь сарралц Цо со гӀелйина дӀахӀоттий.
О ццул долу сан къинош вовшех а дуьйцина, шен куьйгаца царах суна дукъ Цо дина. ТӀаккха и дукъ суна Цо коча диллина, иза бахьанехь сан берриг а ницкъ гӀелбалийтина. Хьалдолчу Эло дӀаелла-кх со схьаялалур йоцучеран кара.
Х олчу хӀоьттинчу хенахь сайн накъосташка кхайкхира со. Амма цара, ле а йина, Ӏехийра со. Сан динан дай, сан къаной, шайн са кӀелхьардаккхархьама, шайна напха а лоьхуш, лечу хьола тӀе бевлла.
Ц арна ас узарш деш хезна, Вац-кха сан догъэца цхьа а. ДӀахезна сан мостагӀашна Со къизачу баланехь хилар. Айхьа аьлла де тӀедаийтахьа, Уьш а Ахь сох дӀатарбехьа.
Ӏ есаллица цара мел динарг Хьуна хьалха дӀахӀуттийла. Сан къинош бахьанехь суна динарг Ахьа царна а дойла. Тийжамаш сан бу-кха гӀийла, Дог а сан мел гӀелделла».