|
| 1 |
|
| А лссам бу аса хьегна баланаш Везачу Элан дерачу олаллин куьйгах. |
|
| 2 |
|
| А раваьккхи со Цо Ӏаьржачу бодане, серло йоцчохь со лелийтархьама. |
|
| 3 |
|
| А ьрру куьг Шен дийнахь сарралц суна тӀехь а латтийна, Веза Эла суна дуьхьал ма ваьлла. |
|
| 4 |
|
| Б илггал сан чкъор а, дилха а Цо мал а ма дина, сан даьӀахкаш а ца мегачу ма яьхна. |
|
| 5 |
|
| Б оккха го бира Цо суна, къаьхьаллица а, халонашца а со дӀа а лаьцна. |
|
| 6 |
|
| Б оданечу метте охьахаийна Цо со, тоххарехь белла Ӏохкуш болу нах санна. |
|
| 7 |
|
| В езачу Эло буржалш тоьхна суна, кӀелхьар ца валийта го бина суна. |
|
| 8 |
|
| В езачу Элана дӀа ца хезара сан доӀа, со Шега доьхушший, кхойкхушший волуш. |
|
| 9 |
|
| В езачу Эло тӀулгашца дуьхьало йи сан некъашна, со лела некъаш а галдехи Цо. |
|
| 10 |
|
| Г амонца тӀекхета кечъелла ча санна, дӀахӀоьтти Иза суна. КӀело еш долу лом санна, хили Иза суна. |
|
| 11 |
|
| Г амдина сан некъаш, цистина со дӀаваьккхи, цхьа а воцург а вина, дӀахӀоттий Цо со. |
|
| 12 |
|
| Г Ӏакх дина, дӀахӀоттий Цо со, Шен секхаӀад а тӀехьажий Цо суна. |
|
| 13 |
|
| Д ерриг а Шен Ӏад-ботт чуьра пхерчий сан жаннашна тӀетуьйхи Цо. |
|
| 14 |
|
| Д ерриг а сан халкъ сох кхаьрдаш дӀахӀоьтти, шаьш денна а лоькхучу иллешна юкъа цара со валий. |
|
| 15 |
|
| Д Ӏовшах а вузийна со Везачу Эло, сагал-бецан къаьхьа хи а малийна Цо суна. |
|
| 16 |
|
| Е рриг сан цергаш жагӀанца Цо кегйи, лаьттарчу чимлахь Цо со верриг а бехви. |
|
| 17 |
|
| Е ли сан даг чуьра маршо а дӀа. Дицдели суна самукъадалар муха хуьлу а. |
|
| 18 |
|
| «Е рриг а Везачу Элах йолу дегайовхо дӀаели сан, берриг а ницкъ дӀабели сан», — элира ас тӀаккха. |
|
| 19 |
|
| Жирга хетачу стиман ӀаӀар а, сагал-бецан къаьхьалла а санна, ю ас сайн баланех а, ваьлла леларх а йо ойланаш. |
|
| 20 |
|
| Ж олам-яӀ, мел дика дагахь лаьтта суна иза, ма доьхна ду-кха сан дог а хӀинца. |
|
| 21 |
|
| Ж им-жимма делахь а, юхадоьрзу сан сатийсар, суна иза дагадеача: |
|
| 22 |
|
| З аманашкахь а чекх ца болучу Везачу Элан безаман чаккхенга вай тӀе ца кхаьчна, ткъа Цуьнан къинхетамаллин гӀуллакхаш чекх а ца девлла. |
|
| 23 |
|
| З овкх-яӀ, хӀора Ӏуьйранна карладуьйлу уьш, Хьан тешаме хилар а мел кӀоргге ду! |
|
| 24 |
|
| З ийна долчу сан сино боху: «Веза Эла сан дакъа ду, цундела Цунах а тешна со Ӏийр ву!» |
|
| 25 |
|
| И штта дика ву Веза Эла, Шех а тешна, Ӏаш болчарна! Дика ву Веза Эла Ша лоьхуш болчарна! |
|
| 26 |
|
| И штта дика ду собарца Везачу Эле ладегӀар, гӀолехь ду Цо кӀелхьардахаре хьежар. |
|
| 27 |
|
| И штта, гӀолехь ду стагана ша къона волуш, собаран дукъ лело иза Ӏемича. |
|
| 28 |
|
| К ъаьхьачу баланийн мохь Везачу Эло шена тӀе биллина дела, тап-аьлла, тийна, ша волччохь Ӏан веза иза. |
|
| 29 |
|
| К хочуьйтуш шен юьхь лаьтта, охьатеӀийла иза Везачу Элана хьалха, хӀунда аьлча догдохийла кхин а хила там бу. |
|
| 30 |
|
| К хечо шена тоьхча, шен важа бесни а схьаерзайойла цо. Шега вон дош аьлча, собарх вузийла иза. |
|
| 31 |
|
| Л арам а беш, Хьалдолчу Эло гуттаренна а вуьтур вац иза. |
|
| 32 |
|
| Л ан хала болу бала Ша тӀебаийтахь а, къинхетам бийр бу Цо, Шен хедар боцчу безаман бараме хьаьжжина. |
|
| 33 |
|
| Л аа а лууш ца до Везачу Эло адамийн кӀенташна таӀзар а, халахетар а. |
|
| 34 |
|
| М а хаьа-кх Цунна когаш кӀел хьоьший кху лаьттара массо а тутмакх. |
|
| 35 |
|
| М а го-кх Веза Воккхачунна, Шена хьалха адаман бакъонаш ларъеш ца хилча. |
|
| 36 |
|
| М а го-кх Хьалдолчу Элана, адамна кхел нийса еш ца хилча. |
|
| 37 |
|
| Н агахь санна Хьалдолчу Элана хила лиъча бен, нахана лиънарг кхочуш хир дац. |
|
| 38 |
|
| Н ийсса Веза Воккхачо аьлча а бен, хуьлий-ткъа бохам балар я беркат хилар? |
|
| 39 |
|
| Н агахь санна ша хӀинца а вехаш хилча, къинош бахьанехь шена дечу таӀзарна латкъамаш бан ца беза стага. |
|
| 40 |
|
| О цу ваьш лелачу некъийн тидам а бина, Везачу Элехьа доьрзийла вай, уьш талла а теллина. |
|
| 41 |
|
| О цу стигалшкахь волчу вайн Деле хьалаойийла вай вешан дегнаш а, куьйгаш а. |
|
| 42 |
|
| О ццул дуьхьал а девлла, Хьох дӀакъаьстира тхо. Ахьа, Веза Эла, тхуна геч а ца дира. |
|
| 43 |
|
| П аргӀат тхуна тӀаьхьа а ваьлла, Хьо оьгӀазвахча, тхох къа а ца хеташ, дайира Ахь тхо. |
|
| 44 |
|
| П ардо санна йолчу цу мархина юкъахь дӀахьулвелира Хьо, тхан доӀанаш Хьайна тӀе ца кхачийтархьама. |
|
| 45 |
|
| П ачхьалкхашна а, массо къаьмнашна а юкъахь нехаш санна дина, дӀахӀиттий Ахь тхо. |
|
| 46 |
|
| Р еза шаьш хиларна, мостагӀий вайх кхаьрдаш бу, вайн массо а мостагӀий вайна кхиссарш еш бу. |
|
| 47 |
|
| Р агӀ кхечи вайн а, къаьхьа къемат а, оьрнаш а, дакъазадовлар а, дохор а хили вайн дакъа. |
|
| 48 |
|
| Р оггӀана хин Ӏовраш йоуьйту сан бӀаьргаша, сан халкъ хӀаллакьхилар бахьана долуш. |
|
| 49 |
|
| С ан бӀаьргаш ца совцу доьлхучуьра хӀинца, бӀаьрхиш сан охьаоьху, ца совцуш, хаддаза, |
|
| 50 |
|
| с тигаларчу Везачу Элана, охьа а хьаьжна, вайн хьал дӀагаллалц. |
|
| 51 |
|
| С ан бӀаьргашна гинарг бахьана долуш, сан гӀаларчу йоӀаршна гӀайгӀанехь ву со. |
|
| 52 |
|
| Т Ӏаккха, олхазар лоцуш санна, массо агӀор хӀуъа а дина, со схьалаца гӀиртира сан мостагӀий, цхьа а бахьана доцуш. |
|
| 53 |
|
| Т утмакх санна, со ор чу а кхоьссина, дийна волчу суна тӀе тӀулгаш кхиссина. |
|
| 54 |
|
| Т Ӏаккха сан коьрте кхаччалц хиш хьаладевлча, ас элира: «Со хӀаллакьхили». |
|
| 55 |
|
| У р-атталла цу кӀоргачу ор чуьра хьала а Хьан цӀе ас ма йохура, сан Веза Эла! |
|
| 56 |
|
| «У зарш ас дарна, даккхий синош дахарна ма къовлахь Хьайн лерг дӀа!» — аьлла, ас орца даьккхича, сан аз Хьуна хезира дӀа. |
|
| 57 |
|
| У ьйр Хьоьца лоьхуш, со Хьайга кхайкхича, Ахь, суна тӀе а хуьлуш: «Ма кхера!» — элира. |
|
| 58 |
|
| Х ьалдолу ва Эла, сох даьлларг къастийнарг Хьо ма ву, сан дахар а паргӀатоне даьккхинарг Хьо ма ву. |
|
| 59 |
|
| Х ьуна гина, Веза Эла, суна дина вон. Ахь-Айхьа ехьа сан гӀуллакхан кхел. |
|
| 60 |
|
| Х ьуна го, Веза Эла, церан берриг а бекхамаш. Церан берриг дагалацамаш суна дуьхьал бу. |
|
| 61 |
|
| Ц еран ерриг ойланаш суна дуьхьалъевлла, Хьуна хеза-кх, Веза Эла, цара етта баганаш. |
|
| 62 |
|
| Ц ара хӀора денна суна дуьхьалдаьхна хӀилланаш го Хьуна, сан Веза Эла. Суна дуьхьалбевллачеран къамелаш а хеза-кх Хьуна, сан Веза Эла. |
|
| 63 |
|
| Ц ара, хьажахьа, Веза Эла, шаьш хевшинчохь, гӀевттинчохь сох белам ма бо. |
|
| 64 |
|
| Ӏ аббалц Ахь бекхам бехьа царна, ва Веза Эла, цара лелийначу гӀуллакхашка хьаьжжина. |
|
| 65 |
|
| Ӏ аьржа дог царна чу Ахь диллахьа, Хьан неӀалт а хуьлийла царна тӀехь. |
|
| 66 |
|
| Ӏ анаяй царна тӀе Хьайн оьгӀазалла, царна Хьо тӀаьхьавалахьа, Везачу Элан стигалшна кӀелхьара хӀаллак а бай, уьш дӀабахахьа! |
|
|
|
|