|
| 1 |
|
| Веза Эла, тхуна хилларг дага а лаций, тхоьгахьа а верзий, хьажахьа тхан юьхьӀаьржачу хӀиттаре. |
|
| 2 |
|
| Тхан хӀусамаш а кхечу махкарчу нехан караяхана. Тхан долахь мел хилларг а хийрачу нехан каракхаьчна. |
|
| 3 |
|
| Да а воцуш, байлахь дисна тхо. Наной а бу тхан, бисина Ӏаш болу зударий санна. |
|
| 4 |
|
| Тхешан долу хи а детих эца деза тхан. Тхешан долу дечиг а ахчанах бен ца кхочу тхуна. |
|
| 5 |
|
| Тхуна тӀаьхьабевлларш тхан коча баьхкина. Ткъа тхо гӀел а делла, синтем а бац тхан. |
|
| 6 |
|
| Бепигах дузархьама, мисархошца барт бира оха, дийна дисийтархьама, ашурхошка бертан куьг дӀакховдийра оха. |
|
| 7 |
|
| Тхан дайша къинош летадора. Уьш хӀинца бан а бац. Ткъа уьш Делан лаамехь ца леларна, тхо таӀзар токхуш ду. |
|
| 8 |
|
| Тхан мостагӀчун леша олалла до тхуна тӀехь, цхьа а вац церан карара тхо кӀелхьардаха. |
|
| 9 |
|
| Яьссачу арахь тхаьшна тӀе айина тур долу дела, даларна а кхоьруш, сискал йоккху оха. |
|
| 10 |
|
| Луьра хӀоьттинчу мацаллина, дагар а деана, дӀахӀоьтти тхан чкъор, цӀе санна хилла. |
|
| 11 |
|
| Тхан зударий а хьийзабо мостагӀаша Цийонехь. Тхан мехкарий а хьийзабо цара ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь. |
|
| 12 |
|
| Тхан элий а мостагӀаша ирхъоьхкина, тхан къаной а хӀинца ларам боцуш бу. |
|
| 13 |
|
| Къоначаьрга а цара хьеран тӀулгаца ялта охьуьйту. Ткъа дечиган мохь беза хиларна, кегий нах охьаоьгу. |
|
| 14 |
|
| Къаной а ма бац хӀинца гӀалин кевнашкахь охьаховшуш. Кегий нах а ма бац шайн зурманаш лоькхуш. |
|
| 15 |
|
| Тхан дегнийн хазахетар а дӀадаьлла хӀинца. Тхан халхарш а белхаре дирзина хӀинца. |
|
| 16 |
|
| Тхан кортош тӀера таьжнаш а охьаэгна. Оха къинош летадарна, тхо Ӏазапехь ду! |
|
| 17 |
|
| Цундела тхан дегнаш а ду доьлхуш. Цундела тхан бӀаьргаш а ду гӀелделла. |
|
| 18 |
|
| Цийон-лам бассабаларна, чангӀалкхаш ю цу тӀехула лелаш. |
|
| 19 |
|
| Ткъа Хьо, Веза Эла, даим а олалла деш ву. Хьан Ӏарш тӀаьхьенера тӀаьхьенгахь лаьтташ ду. |
|
| 20 |
|
| Кхоччуш диц хӀунда дина те Ахь тхо? Еххачу ханна тхо дӀа хӀунда теси те Ахьа? |
|
| 21 |
|
| Дерзадехьа тхо Хьайгахьа, Веза Эла, оха чӀогӀа доьху Хьоьга! Карла а дахий, дӀахӀиттадехьа тхан денош, Айхьа хьалха уьш дӀахӀиттош ма-хиллара. |
|
| 22 |
|
| Гуттаренна а дӀатесна-м хир ма дац Ахь тхо? Доза доцуш оьгӀазвахна-м ма вац Хьо тхуна? |
|
|
|
|