|
| 1 |
|
| Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ткъе уьтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со Кабар-хина уллохь ЯхӀуд-махкара йийсаре дӀабигначарна юкъахь а волуш, стигалш дӀаса а еллаелла, суна Делера долу суьрташ хӀиттира. |
|
| 2 |
|
| Оццу беттан пхоьалгӀачу дийнахь (иза дара ЯхӀу-Яхин-паччахь йийсаре вигначу пхоьалгӀачу шарахь), |
|
| 3 |
|
| соьга, динан да волчу Бузин кӀанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира. |
|
| 4 |
|
| Суна, Яхьазкхиална, гира къилбаседехьара схьахьоькхуш долу дарц. Йоккха марха яра гуш, цунна юккъера стелахаьштигаш а лепаш, ткъа цунна гонах къегаш серлаюьйлуш яра. Мархина юккъехь, стелахаьштигаш долчохь, лепаш цӀаста санна йолу хӀума яра. |
|
| 5 |
|
| Дарцана юкъахь диъ дийнат санна хӀума яра. ДӀахьаьжча, церан кеп адамийн сибатах тера яра. |
|
| 6 |
|
| Делахь а цу хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара. |
|
| 7 |
|
| Церан когаш нийса бара, ткъа коган кӀело аьттан берг санна яра, цӀандина цӀаста санна къегаш а яра. |
|
| 8 |
|
| Церан еа а агӀонашкахь долчу тӀемашна кӀелахь адамийн куьйгаш дара. |
|
| 9 |
|
| Деа дийнатан яххьаш а, тӀемаш а дара. Церан тӀемаш вовшех дозуш дара. Шаьш дӀадуьйлалучу хенахь уьш, дӀаса а ца доьрзуш, муьлххачу а агӀор дӀадахалора. |
|
| 10 |
|
| Церан хӀораннан а хьалхара юьхь — адаман юьхь яра, аьтто агӀорниг — лоьман юьхь яра, аьрру агӀор — стеран юьхь яра, ткъа хӀораннан а тӀехьара юьхь аьрзунан юьхь яра. |
|
| 11 |
|
| Церан шишша тӀам царна тӀехула дӀасабаржийна бара. ХӀораннан а шишша тӀам вукхуьнан тӀемех хьакхалуш бара. ХӀораннан а иштта кхин а шишша тӀам бара, цаьрца шайн догӀмаш къайладохура цара. |
|
| 12 |
|
| Уьш хӀорра муьлххачу а агӀор дӀадахалора. Шайн са дӀагӀертачу агӀор доьлхура уьш, доьлхучу хенахь дӀаса а ца доьрзуш. |
|
| 13 |
|
| Дийнатийн сибат, догуш долу кӀегий санна, къегаш дара, хаьштигех тера а дара. Цу дийнаташна юкъахь лелаш цӀе яра, иза, ткъес санна, серло етташ яра. |
|
| 14 |
|
| Ткъес санна, сиха дӀасалелаш дара и дийнаташ. |
|
| 15 |
|
| Цу дийнаташка хьаьжча, суна гира царна уллохь лаьттах кхеташ йолу йиъ чкъург, церан еа агӀонна уллохь. |
|
| 16 |
|
| ХӀора чкъурган сибат цхьатерра дара. Уьш, хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна, лепаш яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора. |
|
| 17 |
|
| И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь дийнаташна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа дӀайигалора цаьрга. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, дийнаташ нийсса дӀадоьлхура. |
|
| 18 |
|
| Ткъа цу чкъургийн гонаш инзаре лекха дара — уьш массо а бӀаьргех дуьззина дара. |
|
| 19 |
|
| И дийнаташ дӀадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дӀаоьхура, ткъа нагахь уьш хьалаайаелча, и чкъургаш а цаьрца цхьаьна хьалаайалора. |
|
| 20 |
|
| Дийнаташ шайн сино дӀаюьгучу метте дӀадоьлхура, уьш дахначу метте и чкъургаш а дӀайоьлхура цаьрца нийсса, хӀунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара. |
|
| 21 |
|
| И дийнаташ дӀадоьлхучу хенахь, чкъургаш а дӀайоьлхура, уьш сецча — совцура, уьш лаьтта тӀехула хьалаайаделча, цаьрца нийсса хьалаайалора чкъургаш а, хӀунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара. |
|
| 22 |
|
| Церан кортош тӀехула нартол санна йолу хӀума яра, ша санна цӀена исбаьхьа лепаш а йолуш. |
|
| 23 |
|
| Цу нартол бухахь дӀасадахийтина церан тӀемаш дара, хӀораннан а тӀам вукхуьнан тӀомах кхеташ. Ши тӀам царна тӀехула дӀабоьдуш бара, ткъа вукху шина тӀомо церан дегӀ дӀахьулдора. |
|
| 24 |
|
| Уьш дӀадоьлхучу хенахь суна церан тӀемийн гӀовгӀа хезара. Церан тӀемаша, дӀадоьдуш долчу доккхачу хино санна, гӀовгӀа йоккхура. И гӀовгӀа Ницкъболчун аз санна, я эскаран гӀовгӀа санна хеталора. И дийнаташ дӀадоьлхучуьра совццушехь, тӀемаш церан агӀонашна тӀедуьжура. |
|
| 25 |
|
| Цу дийнаташа, саца а сецна, шайн тӀемаш охьадахийтича, церан кортошна тӀехуларчу нартолна тӀехулара аз схьахезара. |
|
| 26 |
|
| Церан кортошна тӀехуларчу нартолна тӀехула саппир олучу безачу тӀулгах йинчу Ӏаршах тера хӀума яра. Цу тӀехь адаман сибатехь волу цхьаъ Ӏаш волуш санна хетара. |
|
| 27 |
|
| Суна гира гӀодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цӀеран алу санна, иза лепачу цӀастанах тера хилар. Ткъа гӀодаюкъана охьа а цӀе летта лепаш санна йолу хӀума гира суна. |
|
| 28 |
|
| ДогӀа догӀучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаӀад санна, серло яра цунна гонах йогуш. |
|
|
|
|