|
| 1 |
|
| ТӀаккха суна хьалахьаьжча, каруб-маликийн кортошна тӀехула йолчу нартолна тӀехь йолу хӀума гира. Иза саппир олу беза тӀулг санна лепара, иштта паччахьан гӀантан куьцехь а яра иза. |
|
| 2 |
|
| Дуткъачу кӀадинан бедарш йолчу стаге Везачу Эло элира: «Каруб-маликашна бухахь йолчу хьийзачу чкъургашна юккъехула чекх а валий, канаш юззий, каруб-маликашна юкъара догуш долу кӀегий схьа а эций, уьш гӀалина тӀе дӀасакхисса». Со хьоьжучу хенахь и стаг дӀавахара. |
|
| 3 |
|
| Каруб-маликаш Делан цӀийнан къилберачу агӀор лаьтташ дара, и стаг чкъургашна юккъе дӀавахча. ТӀаккха цхьана мархо цӀийнан чухулара керт хьалаюьзира. |
|
| 4 |
|
| Цул тӀаьхьа каруб-маликашна тӀехула йолу Везачу Элан сийлалла, хьалаайа а елла, неӀсагӀехьа дӀайолаелира, тӀаккха Делан цӀа оцу мархах хьаладуьзира, ткъа ерриг а керт Везачу Элан сийлаллин нуьрах хьалаюьзира. |
|
| 5 |
|
| Каруб-маликаша лестош долчу тӀемийн гӀовгӀа арахьарчу кертахь а хезаш яра, Нуьцкъала Дела вистхуьлуш ма-хаззара. |
|
| 6 |
|
| Дуткъачу кӀадих йина бедарш юьйхина волчу стаге: «Каруб-маликаш долчуьра чкъургашна юккъехь догуш долу кӀегий схьаэца», Везачу Эло аьллачул тӀаьхьа, и стаг, мархина юккъе а ваьлла, цхьана чкъургана улло дӀахӀоьттира. |
|
| 7 |
|
| ТӀаккха каруб-маликех цхьаммо, царна юккъехь йогуш йолчу цӀарна тӀе куьг дӀа а кховдийна, цигара кӀегий схьа а эцна, уьш дуткъачу кӀадих йина бедарш юьйхина волчу стаге дӀаделира. Уьш схьа а эцна, и стаг аравелира. |
|
| 8 |
|
| Каруб-маликийн тӀемашна бухахь адаман куьйгаш долуш санна хетара. |
|
| 9 |
|
| ДӀахьаьжча, суна гира каруб-маликашна уллохь йиъ чкъург, хӀора маликана уллохь цхьацца чкъург а йолуш, ткъа и чкъургаш хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна лепаш яра. |
|
| 10 |
|
| ХӀора чкъурган кеп цхьатерра яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора. |
|
| 11 |
|
| И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь каруб-маликашна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа цаьрга дӀайигалора. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, каруб-маликашка нийсса дӀайигалора. Еа юьхьан хӀора агӀор цаьрца цхьаьна чкъургаш а дӀаяхалора, цхьанхьа а дӀаса а ца йоьрзуш. |
|
| 12 |
|
| Церан дерриг а дегӀ — букъ а, куьйгаш а, тӀемаш а, иштта йиъ чкъург а — бӀаьргех дуьззина дара. |
|
| 13 |
|
| Хьалха суна «хьийза чкъургаш» олу чкъургаш яра уьш. |
|
| 14 |
|
| Цу хӀора каруб-маликан йиъ юьхь яра: хьалхара юьхь — каруб-маликан юьхь яра, шолгӀаниг — адаман, кхозлагӀниг — лоьман, ткъа йоьалгӀаниг — аьрзунан юьхь яра. |
|
| 15 |
|
| Каруб-маликаш хьалаайаделира. И дийнаташ суна Кабар-хина уллохь гинарш дара. |
|
| 16 |
|
| Уьш дӀадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дӀаоьхура, ткъа цара шайн тӀемаш хьалаайдича, лаьттара хӀаваэ хьаладовла, и чкъургаш цаьрца нийсса хьалайоьлхура. |
|
| 17 |
|
| Уьш лаьттачу хенахь, чкъургаш а лаьттара, ткъа уьш хьалаайаделча, уьш а цаьрца нийсса хьалаайалора, шайна чохь цу дийнатийн са долу дела. |
|
| 18 |
|
| ТӀаккха Везачу Элан сийлалла, Делан цӀийнан неӀсагӀина уллора дӀа а даьлла, каруб-маликашна тӀехула сецира. |
|
| 19 |
|
| Ткъа уьш, шайн тӀемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дӀадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дӀаоьхура. Уьш Везачу Элан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дӀахӀиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тӀехула яра. |
|
| 20 |
|
| Суна дагадеара и дийнаташ: уьш Кабар-хина уллохь Исраилан халкъан Далла бухахь хилла долу дийнаташ дара. Суна хиира уьш каруб-маликаш хилар. |
|
| 21 |
|
| Церан хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара, ткъа цу тӀемаш кӀел адаман куьйгаш долуш санна а хетара. |
|
| 22 |
|
| Церан яххьаш суна Кабар-хина уллохь гиначу дийнатийн яххьех тера яра. Ткъа ша дӀадолалучу хенахь хӀора дийнат муьлххачу а агӀор дӀадахалора. |
|
|
|
|