Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: |
| 2 |
| «Адаман кӀант! Кемсийн таьлланг муха тоьлур ю кхечу диттийн гаьннел? Хьуьнхахь хуьлучу кхечу дитташна юкъахь иза цхьа бен ма яц, и кемсийн таьлланг? |
| 3 |
| Хьоьга цхьа а пайден хӀума ялур юй кемсийн таьллангах? Цунах хьостам балур буй, цу тӀе хӀума хьалаолла? |
| 4 |
| Адамаша и таьллангаш цӀера юкъа кхуьссу. Иза шинна а юьхьигна тӀера дика яьгча, га юккъера Ӏаржделча, цхьана хӀуманна пайденна юй те иза? |
| 5 |
| Дагаза долчу хенахь а дацара иза цхьанна а хӀуманна пайденна, ткъа хӀинца-м, иза цӀеро, дага а дина, Ӏарждиначул тӀаьхьа, муххале а дац пайденна». |
| 6 |
| Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Хьуьнхара кхидолчу диттийн гаьннаш санна, кемсийн таьлланг адамаша цӀерга кхуьйсуш ма-хиллара, изза дийр ду Аса Ярушалайман бахархошца. |
| 7 |
| Со царна дуьхьалвер ву. Цхьана ханна уьш цӀерах кӀелхьарбевллехь а, хӀинца цӀаро уьш дӀакхоллур бу. Со царна дуьхьалваьллачу хенахь хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. |
| 8 |
| Уьш Суна тешаме цахилар бахьана долуш, Ас бассор бу хӀара мохк» — боху Хьалдолчу Эло. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/ezekiel/015.mp3
48
15