1
Дала соьга элира: «Тийжам бе Исраилан халкъан элех лаьцна:
2
„Хьан нана стенах тера ю? Иза стен лом санна ма ю! Лоьмашна юкъахь Ӏуьллуш а яра иза, циггахь шен кӀорнеш а кхиайора цо.
3
Царах цхьаъ йоккха хилла, цунах нуьцкъала лом хилла. Иза шена ижу лаха Ӏемина, ткъа цо адамаш, цеста а цоьстуш, доура.
4
Халкъашна цунах лаьцна хезира, тӀаккха цара иза ор чу а эккхийтина, цунах чӀагарш чекх а яьхна, Мисар-махка дӀайигира.
5
Ша эрна хьоьжуш дуй а хиъна, шен сатийсар кхочуш ца хилча, иза, шен кхин кӀорни схьа а эцна, и кхио йолаелира, цунах нуьцкъала лом хилийта.
6
Нуьцкъала лом а хилла, иза кхечу лоьмашна юкъахь лела доладелира. Иза ижу лаха а Ӏемира, цо адамаш, цоьстуш, даа а доура.
7
Иза дисина Ӏаш долчу стечу лоьмех а кхетара, ткъа церан гӀаланаш цо ясса а йора. Цу махкахь долу дерриг а халкъ цуьнан гӀигӀ дарх кхоьрура.
8
ТӀаккха цунна дуьхьалдевлира гонах дехаш долу дерриг а къаьмнаш. Цара и схьалацархьама, бойнаш а тесна, иза ор чу дожийра.
9
Цунах чӀагарш чекх а яьхна, иза гур чу хаийра. Бавелан паччахь волчу дӀа а дигна, иза набахти чу доьллира, Исраил-мехкан лаьмнашкахь кхин цуьнан мохь шайна ца хазийта.
10
Хьан нана хийистехь дӀайоьгӀна кемсийн таьлланг санна яра. Цо дуккха а стоьмаш а, таьллангаш а делира, шена уллохь шортта хи хиларна.
11
Цуьнан гаьннаш чӀогӀа дара, царах паччахьашна Ӏасанаш йора. Иза ша леккха хьалаяьллера кхечу гаьннашна юкъахь. Дуькъачу гаьннашна юкъахь иза геннара гуш яра лекха йолу дела.
12
Амма, оьгӀазаллехь лаьттара хьала а даьккхина, и таьлланг лаьтта охьакхоьссира. Малхбалехьара схьахьаькхначу мохо цуьнан стом бакъийра. Цуьнан онда га дакъаделира, ткъа цӀеро иза дӀа а кхаьллира.
13
Ткъа хӀинца иза яьссачу аренгахь дӀайийна, хих хьоьгуш долчу декъачу лаьттахь.
14
Цуьнан гаьннашна юккъера араяьллачу цӀеро багийна цуьнан стоьмаш. Цуьнан шех паччахьан Ӏаса ян мегаш долу онда га кхин ца дисина“. ХӀара тийжам бу, тийжам санна лелош а бу».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012