|
| 1 |
|
| Парси-мехкан паччахьо Къуреша паччахьалла дечу кхозлагӀчу шарахь Бел-Ташацар цӀе йолчу Даниална Делера хаам хиллера. И хаам бакъ а бара, ткъа цунах кхета чӀогӀа хала а дара. ДуьхьалхӀоьттинчу суьртехула Даниална дӀахоуьйтура цу хааман маьӀна. |
|
| 2 |
|
| Оцу деношкахь кхаа кӀирнах гӀайгӀане воьжна Ӏийра со, Даниал. |
|
| 3 |
|
| Тоьлла кхача ца буура ас. Жижиг а, чагӀар а ца дахара сан кийра. Кхо кӀира кхаччалц, дегӀан цӀано ярхьама хьожа йогӀу хьакхарш ца хьийкхира аса. |
|
| 4 |
|
| Ткъа хьалхарчу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь Хьиддекхал олучу доккхачу хин йистехь лаьтташ вара со. |
|
| 5 |
|
| Хьалахьаьжча, суна хӀара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гӀодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ. |
|
| 6 |
|
| Цуьнан дегӀ, жовхӀар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БӀаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цӀестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара. |
|
| 7 |
|
| Со, Даниал, воцучунна, цхьанна а и дуьхьалхӀоьттина сурт ца гира. Соьца хилла долчу адамашна а ца гира и сурт, делахь а боккхачу кхерамо дӀалецира уьш, тӀаккха дӀаловчкъа дӀадевдира уьш. |
|
| 8 |
|
| Со цхьа висира. Оцу дуьхьалхӀоьттинчу Ӏаламат доккхачу суьрте хьоьжура со. Сан гӀора дайра, со докъан васте вахара, сан ницкъ метта ца хӀуттура. |
|
| 9 |
|
| ТӀаккха цуьнан дешнийн аз хезира суна. Цуьнан дешнийн аз сайна ма-хеззина, Ӏада а вина, бертал а воьжна, лаьтта тӀехь Ӏуьллура со. |
|
| 10 |
|
| Цу хенахь, сан дегӀе зуз а доуьйтуш, сох цхьа куьг хьакхаделча, сан голаш тӀе а, куьйгаш тӀе а веаларахӀоттийра со цу куьйго. |
|
| 11 |
|
| ТӀаккха цу стага элира соьга: «Даниал, Далла везаш волу стаг! ХӀинца со хьайна тӀеваийтина дела, ас хьайга эр долчу дешнийн духе кхиалахь. Хьайн когаш тӀе нийса дӀахӀотта». Цо и дешнаш сайга аьлча, вегош, хьалагӀаьттира со. |
|
| 12 |
|
| ТӀаккха цо соьга элира: «Ма кхера, Даниал. Далла хьалха хьайн дог эсала а дина, хӀокху хаамах кхета гӀерташ, ахь дина доӀанаш дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна Далла дӀахезна. Ахь дехна дела веана со. |
|
| 13 |
|
| Амма Парси-пачхьалкхана тӀехь олалла деш волу жинийн эла ткъе цхьана дийнахь суна дуьхьало еш лаьттира. Ткъа коьртачу эла-маликех цхьаъ долу Микаал-малик суна гӀо дан деара, со Парси-мехкан паччахьна уллохь хьевелла дела. |
|
| 14 |
|
| ХӀинца хьан халкъах тӀаьхьарчу хенашкахь хӀун хир ду аьлла, хьуна хаам бан веана со, хӀунда аьлча дуьхьалхӀоьттина хьуна гина сурт цу тӀедогӀу долчу деношца доьзна ду». |
|
| 15 |
|
| И дешнаш соьга цо олучу хенахь, мотт а сецна, аса корта охьатаӀийра. |
|
| 16 |
|
| Адамийн сибатехь волу цхьаммо сан балдех куьг хьаькхира, тӀаккха со, бага а гӀаттийна, къамел дан волавелира. Сайна хьалха лаьтташ волчуьнга ас элира: «Эла! ДуьхьалхӀоьттинчу суьрто суна даийтинчу лазарша сан гӀора дӀадаьккхина. |
|
| 17 |
|
| Ткъа хьан лай волчу аса хӀара къамел муха дийр ду сан эла волчу хьоьца? Дац-кх соьгахь гӀора, са а ца даӀало-кх соьга кхин». |
|
| 18 |
|
| ТӀаккха оцу адамийн сибатехь волчо, юха а сох куьг а Ӏоьттина, со чӀагӀвира. |
|
| 19 |
|
| Цо элира: «Ма кхерало, Далла везаш волу стаг! Машар хуьлда хьоьца. Доьналла долуш хила! ЧӀагӀло!» Иза соьга вистхуьлучу хенахь со кхин а чӀагӀвелира. ТӀаккха ас дийхира: «Со чӀагӀвина ахь, дийцахьа хӀинца, эла». |
|
| 20 |
|
| 20-21 Цо элира: «Хаьий хьуна, хӀунда веана со хьо волчу? Хаалахь, „бакъдолчун тептар“ тӀехь дӀаяздина дерг хьоьга дӀахаийта веана со. Хьаххийначуьра аьлча, со хӀинца Парси-мехкан элаца тӀом бан юхавоьрзур ву, ткъа цул тӀаьхьа грекахойн элан рагӀ кхочур ю. Цу тӀе аьлча, шун эла волу Микаал воцург, цхьа а вац-кх оцу элашна дуьхьал аса бечу къийсамехь суна гӀо дийр долуш. |
|
|
|
|