1
Эпрайман халкъ мох бажош ду, дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тӀаьхьадолу иза. Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо. Ашур-махкаца барт а бо цо, Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо».
2
Везачу Эло ЯхӀудан халкъе бехкаш доху. Якъубан тӀаьхьенна таӀзар дийр ду Цо, церан некъашка хьаьжжина. Царна дан догӀург а дийр ду Цо, церан гӀуллакхашка хьаьжжина.
3
Ненан кийрахь а волуш, шен вешин кӀажа лецира Якъуба. Ткъа стаг а хилла ша дӀахӀоьттича, Делах летира иза.
4
Маликах а летта, кӀел ца висира Якъуб. Воьлхуш, шех къинхетам бар дийхира цо. Беталахь иза карийра Далла, цигахь цуьнга къамел дира Цо.
5
Иза массо а ницкъийн Веза Дела вара, цӀе, «Волуш Верг» аьлла, йоккхура Цуьнан.
6
Иштта шу, Якъубан тӀаьхьенах дерш, шайн Далла тӀедерзийша! Безамца лелийша, нийсо лелаейша, шайн Деле даим сатийсийша!
7
Совдегар шен карахь нийса доцучу терзанца нах лебеш хазахеташ ву.
8
Эпраймхоша а шаьш хестабо: «Вай дукха дика даха хевшина, вай шортта бахам гулбина. Цхьаммо вайна бехк буьллийла дац вай лелийначу къилахь долчунна», — бохуш.
9
«Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Аса юха а четарш чу даха охьаховшор ду шу, яьссачу арахь шу долчу Со веанчу деношкахь санна.
10
Со пайхамаршка вистхуьлура. Ас дуьхьалхӀуьтту суьрташ а алссам гойтура, пайхамаршкахула хьекъале дустарш а даладора».
11
ГалӀад-гӀалахь нах цӀушна Ӏамал еш буй? Цуьнан бахархой баккъалла а цхьана а хӀуманна тӀе кхочур бац. Галгал-гӀалахь наха эсий дойу. Церан сагӀа доккху меттигаш кхен хершнашкахь гулдинчу тӀулгийн баьрзнаш санна хир ю.
12
Якъуб Арам-мехкан аренашка веддера. Цигахь Исраила зудчун дуьхьа болх а бора, зуда ялорхьама, жа а Ӏалашдора.
13
Амма Везачу Эло пайхамаран гӀоьнца исраилхой Мисар-махкара арабехира. Цо уьш Ӏалашбора пайхамарехула.
14
Эпрайман халкъо Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахийтина. Ӏанийначу цӀийна цуьнгара жоп доьхур ду Цо. Цадашар Везачу Эло цунна дуьхьалдоккхур ду.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012