Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Везачу Эло соьга элира: «Вало, юха а еза хьайн зуда, иза кхечунна езахь а, иза сийсаза лелахь а. Еза и зуда, Везачу Элана исраилхой безаш хиларе терра — уьш кхечу деланашна тӀе дӀабирзинехь а, цу деланашна лерина йолу Ӏаьвдинчу кемсийн курсаш царна езахь а». |
| 2 |
| Аса сайна и зуда ялийра, пхийтта дато шекхал ахча а, ворхӀ а, ах а гали мукх а белла. |
| 3 |
| Аса цуьнга элира: «Со волчохь дуккха а денош даха. Суна тешаме йоцуш а ма хила, кхечу стагах а ма хьакхало, ткъа со хьох а хьакхалур вац». |
| 4 |
| Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагӀанаш, я деланашна хӀиттийна тӀулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цӀуш а боцуш. |
| 5 |
| Цул тӀаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тӀаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТӀаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/hosea/003.mp3
14
3