Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тӀедерза вай. ХӀунда аьлча Цо вай лаза а дина — Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш — Цо уьш дӀа а йоьхкур ю. |
| 2 |
| Цо ши де даьлча ден а дийр ду вай, кхозлагӀчу дийнахь ира а хӀиттор ду. ТӀаккха дехар ду вай Цунна хьалхахь. |
| 3 |
| Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гӀерта вай. Цуьнан гучувалар, цӀийъелла Ӏуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогӀур ву Иза вай долчу, Ӏаьнан догӀа санна, бӀаьста деанчу догӀано латта тӀадор санна». |
| 4 |
| Ткъа Везачу Эло боху: «ХӀун дийр дара те хьуна, Эпрайм? ХӀун де те хьуна, ЯхӀудан халкъ? Шун безам Ӏуьйранна хуьлу дохк санна а, хьалххе дайна дӀадолу тхи санна а ма бу. |
| 5 |
| Цундела пайхамарашкахула Аса шун дог дохадора. Сайн багарчу дешнашца еттара Аса шуна. Аса еш йолу кхел, схьакхета малх санна, билггала ю. |
| 6 |
| Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагӀанел. |
| 7 |
| Адам-гӀала йолчохь санна, Исраилан халкъо а Соьца бина барт бохийна, цигахь ямартло йина цара Суна. |
| 8 |
| ГалӀад — Ӏесачийн гӀала ма ю. Цунна чохь йолу лараш цӀийх юьзна ма ю. |
| 9 |
| Динан дайн тоба тера ю кӀелонехь Ӏуьллуш йолчу талорхойн тобанах. Шехеме боьдучу новкъахь адамаш дойу. Цара боьха мел дерг леладо. |
| 10 |
| Инзаре ирча хӀума гина Суна Исраилан халкъана юкъахь. ЦӀушна Ӏамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла, цундела Исраилан халкъ Далла хьалха бехделла. |
| 11 |
| Хьуна а, ЯхӀудан халкъ, таӀзаран ялта чудерзо хан билгалъяьккхина». «Сайн халкъан аьтто бар Аса карладаьккхича, |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/hosea/006.mp3
14
6