|
| 1 |
|
| «Орца даккха, хьайн бете коьман маӀа схьа а лаций! Аьрзу санна, мостагӀий Везачу Элан халкъана тӀелета, хӀунда аьлча Соьца бина барт бохийра цара, Аса бинчу товрат-хьехамашна дуьхьалбевлла уьш. |
|
| 2 |
|
| Цара Соьга шийла маьхьарий деттар ду: „Сан Дела! Хьо тхуна вевза. Тхо Исраилан халкъ ма ду!“ — бохуш. |
|
| 3 |
|
| Исраилан халкъ диканах дӀадирзина. МостагӀа цунна тӀаьхьа вер ву. |
|
| 4 |
|
| Цара, Сох дага а ца бовлуш, паччахьаш шаьш дӀахӀиттабора. Соьга а ца хоьттуш, элий а дӀахӀиттабора. Шайн детих а, шайн деших а шайна цӀуш бина цара, амма оцу цӀуйн хӀаллакьхиларан Ӏалашонна бен хир дац иза. |
|
| 5 |
|
| Шамранан бахархой, шун эса-цӀу витина Аса! Сан оьгӀазло царна дуьхьал карзахъяьлла. Уьш мел латта бохку те, цӀушна Ӏамалъярх цӀанбелла боцуш? |
|
| 6 |
|
| И цӀу а — Исраилан халкъо дина хӀума ду. Иза суьрташ дечо ма вина, цундела иза Дела ма вац. Шамранан цӀу долу эса дохор ма ду!» |
|
| 7 |
|
| «Шаьш-шайна мох кхиийна дела, цара дарц лахьор ду. Кенаш доцучу кӀенах ялта кхуьур дац. Нагахь санна ялта кхиънехьара, хийрачу наха иза дӀакхоллур дара. |
|
| 8 |
|
| Исраилан халкъ дӀакхаьллина яа хӀума санна дӀахӀоьттира. Кхечу къаьмнашна юкъахь иза пайденна йоцу пхьегӀа санна хилира. |
|
| 9 |
|
| Исраилан халкъ Ашур-махка дӀадахара. Виркхело шена лоьхуш йолу акха вир санна, Эпрайма совгӀаташ дарца безаргаш шегахьа бохура. |
|
| 10 |
|
| Цара кхечу къаьмнашна тӀе совгӀаташ кхехьийтинехь а, Аса уьш кестта схьагулбийр бу. ТӀаккха уьш гӀелонехь хир бу сийлахьчу паччахьан куьйгех. |
|
| 11 |
|
| Бакъду, Эпрайма дуккха а къинах долу сагӀа доккху меттигаш кечйина, амма уьш цунна къа латоран меттигаш хилла дӀахӀиттина. |
|
| 12 |
|
| Дуккха а Сайн товрат-хьехамаш Аса язбира цунна, амма цо уьш шена хийра болуш санна лерина. |
|
| 13 |
|
| Суна дийнаташ дайина сагӀанаш а дохий, оцу дийнатийн жижиг доу цара. Везачу Элана тамехь дац иза. Ткъа хӀинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн, цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таӀзар дийр ду: уьш Мисар-махка юхаберзор бу». |
|
| 14 |
|
| «Исраилан халкъо паччахьан гӀишлош дӀахӀиттийна, ткъа ша ДӀахӀоттийнарг цо виц ма вина. Амма Аса церан гӀаланех цӀе тосур ю, ткъа оцу цӀеро церан паччахьан гӀишлош дӀакхоллур ю». |
|
|
|
|