|
| 1 |
|
| Патуалан кӀанте Юале Везачу Элера хаам хилира. |
|
| 2 |
|
| ЛадогӀа бохучуьнга, къаной! Тидам бе, кху мехкан массо а бахархой! Хиллий те хӀара саннарг шу я шун дай баьхначу деношкахь? |
|
| 3 |
|
| ДӀахаийта хӀара шайн берашка, цаьрга а дӀадийцийта церан берашка, ткъа церан берашка — хинйолчу тӀаьхьене. |
|
| 4 |
|
| ЦӀазан хьалхарчу тобано диинчух диснарг шолгӀачу арданго дуура, ткъа царах диснарг кхоалгӀачу арданго дуура, ткъа царах диснарг йоьалгӀачу арданго чекхдоккхура. |
|
| 5 |
|
| Дастало, маларо дахийнарш, делха, тийжа, массо а чагӀар муьйлурш, шайн багара иза дӀадаьккхина дела! |
|
| 6 |
|
| Сан лаьтта тӀе нуьцкъала а, барам боцуш дукха а цӀазан эскар деана. Цуьнан цергаш лоьман цергаш санна ю, ткъа цуьнан мочхалш — стечу лоьман санна ю. |
|
| 7 |
|
| Цо Сан кемсийн таьллангаш а яссийна, Сан инжиран дитташ а, дохийна, дерзина а даьхна, дӀакхиссина! Церан гаьннаш а кӀайделла. |
|
| 8 |
|
| Сингаттаман духар тӀе а дуьйхина, шен къоначу заманчохь дош деллачунна йоьлху йоӀстаг санна, делхийша! |
|
| 9 |
|
| ДӀасецна Везачу Элан цӀа чохь кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар. Тийжаш бу Везачу Элана гӀуллакх деш болу динан дай. |
|
| 10 |
|
| Дассийна кхаш, доьлху латта, ялта хӀаллакдина, кемсийн мутт дӀалекъна, зайт-дитт а маргӀалдоьлла. |
|
| 11 |
|
| Эхьах дузийша, латталелорхой, делхийша, кемсашлелорхой, гӀайгӀане хилийша кӀена а, мекхана а, хӀунда аьлча хӀаллакьхилла кхаш тӀехь ялта. |
|
| 12 |
|
| Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргӀалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Ӏожан дитт а — дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дӀадаьлла. |
|
| 13 |
|
| Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь гӀуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гӀуллакх дийраш! ХӀунда аьлча шун Делан цӀа чохь лелош дац кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар. |
|
| 14 |
|
| ДӀахӀоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цӀа долчу. ГӀо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле! |
|
| 15 |
|
| ЭхӀ, ма де ду-кх иза! ХӀунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хӀума а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. |
|
| 16 |
|
| Вайн бӀаьргашна хьалхара дӀа ца баьккхинера кхача? Вайн Делан цӀийнера дӀа ца даьккхина сакъерадалар а, хазахетар а? |
|
| 17 |
|
| ХӀуш хӀаллакьхилла лаьттан бухахь, уьш дакъаделла долу дела. ЧӀоьнаш а яссаелла, уьш йохийна йолу дела. |
|
| 18 |
|
| Ма узарш до даьхнино! Хьайбанаш а ду охкаделла лелаш! Яц царна дежийлаш. УьстагӀийн жаш а ду гӀайгӀане. |
|
| 19 |
|
| Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла! ЦӀеро ма ягийна яьссачу аренан дежийлаш. ЦӀеран алуно дагийна аренашкара дерриге а дитташ. |
|
| 20 |
|
| Ур-атталла дийнаташа а орца доккху Хьоьга, охьаоьхуш хилла йолу хин Ӏовраш якъаелла дела, цӀеро яьссачу аренан дежийлаш хӀаллакйина дела. |
|
|
|
|