|
| 1 |
|
| Веза Эла Мусага кхайкхира, гуламан четар чуьра цуьнга къамел дира Цо: |
|
| 2 |
|
| «ДӀаала исраилхошка: „Шух цхьанна Везачу Элана лерина сагӀа даккха лиъча, доккхачу а, жимачу а даьхних даккха и сагӀа. |
|
| 3 |
|
| Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дӀахӀотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама. |
|
| 4 |
|
| Схьадалийначу бежанан коьрта тӀе цу стага куьг диллича, и сагӀа цу стеган метта Дала тӀеоьцур ду, цунна тӀера къинош дӀадахархьама. |
|
| 5 |
|
| Везачу Элана хьалха старгӀина урс хьакха деза цу стага, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагӀа доккхучу кхерчана массо а агӀор тӀетоха деза цу бежанан цӀийн цинцаш. |
|
| 6 |
|
| Оцу стага, дийначу бежанна тӀера неӀ схьа а даьккхина, и бежана дакъошка декъа деза. |
|
| 7 |
|
| АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь цӀе а латийна, цу тӀе дечиг дилла деза. |
|
| 8 |
|
| АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша, цӀера тӀе дехкинчу дечигаш тӀе бежанан дакъош а, корта а, мохь а йилла еза. |
|
| 9 |
|
| Оцу стага бежанан когаш а, чоко а дилича, динан дас дерриге а дакъош цӀера тӀехь даго деза. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. |
|
| 10 |
|
| Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага жимачу даьхних — уьстагӀех я гезарех — даккхахь, иза цхьа а сакхт доцу боьрша дийнат хила деза. |
|
| 11 |
|
| Стага Везачу Элана хьалха, сагӀа доккхучу кхерчан къилбаседехьарчу агӀор охьа а диллина, дийнатна урс хьакха деза, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀенташа, динан дайша, цу дийнатан цӀий тоха деза кхерчан массо а агӀор. |
|
| 12 |
|
| Стага дийнат дакъошка декъа деза, кортий, моххьий дӀа а къастийна. Юха динан дас и дакъош кхерча тӀерачу цӀерана тӀе техкинчу дечигна тӀе дахка деза. |
|
| 13 |
|
| Стага дийнатан когаш а, чоко а йилича, дерриге а дакъош кхерча тӀехь даго деза динан дас. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. |
|
| 14 |
|
| Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага олхазар дахьахь, иза я къоркхокха я кхокха хила беза. |
|
| 15 |
|
| Динан дас, кхокха сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а беана, цуьнан корта схьабоккхур бу. Цуьнан цӀий кхерчан агӀонна тӀе охьа а дахийтина, иза багор бу цо кхерча тӀехь. |
|
| 16 |
|
| Кхокханан харданг а, месаш а схьа а яьхна, кхерчан малхбалерчу агӀор, юкъ дӀахьокхучу метте, охьатосур ю динан дас. |
|
| 17 |
|
| Стага и кхокха, цуьнан тӀемаш, кег а ца деш, дӀа а озийна, кагбича, иза кхерча тӀе техкинчу дечигна тӀерачу цӀергахь багор бу динан дас. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю“». |
|
|
|
|