|
| 1 |
|
| АхӀаронан кӀенташа, Надаба а, АбихӀус а, хӀораммо а богуш болу кӀора дӀасабахьа шен ной схьа а эцна, цу чу цӀе а, хаза хьожа йогӀу хӀума а йиллира. Амма Цунна хьалха цара еана цӀе хийра яра, хӀунда аьлча Везачу Эло царна тӀе ца диллинера ишттаниг дан. |
|
| 2 |
|
| ЦӀеххьана Везачу Элера цӀе елира, ткъа оцу цӀеро уьш дӀакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира. |
|
| 3 |
|
| Мусас элира АхӀароне: «ХӀара дара Везачу Элана ала лууш хилларг, Цо иштта аьлча: „Суна уллохь болчара Со Веза хилар лара деза, ткъа дерриг а халкъана хьалха Сан сийлалла къобалдан деза“». Амма АхӀарон вист а ца хуьлура. |
|
| 4 |
|
| АхӀаронан девешин Ӏузиалан шина кӀанте, Мишаале а, Элцапане а, схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Даха а гӀой, шайн шичой Делан цӀенна чуьра меттаматтал арахьа дӀахьо». |
|
| 5 |
|
| ДӀа а вахана, динан дайн духарш тӀехь долу белларш меттаматтал арахьа дӀабаьхьира цу шиммо, Мусас шайна тӀе-ма-диллара. |
|
| 6 |
|
| АхӀароне а, цуьнан шина кӀанте, ЭлиӀазаре а, Итамаре а, Мусас элира: «Сингаттаман билгалонна шайн коьртара месаш низам доцуш ма хилийта, духарш а ма этӀаде, шаьш ца далийта а, халкъана тӀе Делан оьгӀазалла ца яийта а. Амма шун вежарий долу дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло латийначу цӀеро багийначарна тийжа мегар ду. |
|
| 7 |
|
| Гуламан четарна чуволучунна уллора дӀа ма довла, шаьш хӀаллак ца дайта, хӀунда аьлча шуна тӀехь Везачу Элера долу вазваран даьтта ду». Мусас ма-аллара, кхочушдира дерриг а. |
|
| 8 |
|
| Везачу Эло АхӀароне элира: |
|
| 9 |
|
| «Гуламан четарна чудоьлхуш чагӀар а, вахош долу маларш а ма мала ахьа а, хьан кӀенташа а, шаьш хӀаллак ца дайта. Шун тӀаьхьенна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза, |
|
| 10 |
|
| шуьга дезаниг деза доцучух а, Далла хьалха цӀенаниг Цунна хьалха боьхачух а къастадайта а, |
|
| 11 |
|
| исраилхошна Везачу Эло Мусагахула довзийтина мел долу парзаш хьехийта а». |
|
| 12 |
|
| Мусас АхӀароне а, цуьнан бисинчу кӀенташка, ЭлиӀазаре а, Итамаре а, элира: «Везачу Элана цӀера тӀехь даьккхинчу кӀен сагӀанах дисинарг схьа а эций, цунах дина совсаза бепиг сагӀа доккхучу кхерчана уллохь дӀадаа, хӀунда аьлча и сагӀа чӀогӀа деза ду. |
|
| 13 |
|
| Езачу меттехь даа и бепиг, хӀунда аьлча иза Везачу Элана цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех хьан а, хьан кӀентийн а дакъа ду. Иштта тӀедиллина суна Везачу Эло. |
|
| 14 |
|
| Шатайпа сагӀа санна даьккхинчу некхан жижиг а, гӀогӀ а даа Далла хьалха цӀена йолчу меттехь ахьа а, хьан кӀенташа а, мехкарша а, хӀунда аьлча иза хьуна а, хьан берашна а делла исраилхойн бертан сагӀанех долу дакъа ду. |
|
| 15 |
|
| Ерриг а мохь цӀера тӀехь йоккхуш йолчу хенахь цара гӀогӀ а, некхан жижиг а, шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана даккха деза. И дакъош хьуна а, хьан берашна а гуттаренна а лерина ду, Везачу Эло тӀе-ма-диллара». |
|
| 16 |
|
| Къинан сагӀина лерина бож леррина лоьхуш вара Муса. Юха цунна хиира иза хӀинцале ягийнийла! АхӀаронан висинчу шина кӀантана, ЭлиӀазарна а, Итамарна а, оьгӀазвахара Муса: |
|
| 17 |
|
| «Къинан сагӀа езачу меттехь хӀунда ца диира аш? Иза чӀогӀа деза сагӀа ду! Халкъан бехк а, церан къинош а Везачу Элана хьалха дӀадахархьама, шуна делла ма дара иза. |
|
| 18 |
|
| Цуьнан цӀий гуламан четарна чу ца даьхьна дела, аш иза езачу меттехь даа дезаш дара, суна тӀедиллина ма-хиллара». |
|
| 19 |
|
| АхӀарона элира Мусага: «Цара тахана къинан сагӀа а, дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхина Везачу Элана хьалха. Суна хилларг хьуна хаьа. Ас тахана къинан сагӀа диъча, Веза Эла суна резахир вуй те?» |
|
| 20 |
|
| Иштта жоп хезча, Муса цунна резахилира. |
|
|
|
|