|
| 1 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 2 |
|
| «ДӀаала исраилхошка: „Со шун Веза Дела ву. |
|
| 3 |
|
| Шаьш хьалха Ӏийначу Мисар-махкахь хилларг а, хӀинца Ас шаьш дуьгучу КанаӀан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тӀе ма эцалаш. |
|
| 4 |
|
| Ас тӀедиллинарг кхочушде, Сан парзаш ларде. Со шун Веза Дела ву. |
|
| 5 |
|
| Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву. |
|
| 6 |
|
| Цхьа а стаг шен гергарчу зудчуьнца дӀавижа мегар дац. Со Веза Эла ву. |
|
| 7 |
|
| Хьайн да сийсаз ма ваккха, хьайн ненаца дӀа а вуьжуш. И зуда хьан нана ю, цуьнца дӀавижа мегар дац. |
|
| 8 |
|
| Хьайн ден кхийолчу зудчуьнца а дӀа ма вижа. Иза хьайн деца дӀавижар санна ду. |
|
| 9 |
|
| Хьайн ден я ненан йоӀаца, хьайн йишица, дӀа ма вижа — иза хьайн цӀахь я кхечу меттехь йина елахь а. |
|
| 10 |
|
| Хьайн кӀентан я йоӀан йоӀаца дӀа ма вижа. И дарца ахь-хьо сийсаз ма воккху. |
|
| 11 |
|
| Хьан дестечо хьан дена йинчу йоӀаца дӀа ма вижа. Хьан йиша ма ю иза. |
|
| 12 |
|
| Хьайн ден йишица дӀа ма вижа. Хьан деца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза. |
|
| 13 |
|
| Хьайн ненан йишица дӀа ма вижа. Хьан ненаца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза. |
|
| 14 |
|
| Хьайн ден ваша сийсаз ма ваккха, цуьнан зудчуьнца дӀа а вуьжуш. Иза хьан деца ма ю. |
|
| 15 |
|
| Хьайн несаца дӀа ма вижа. Иза хьан кӀентан зуда ма ю. |
|
| 16 |
|
| Хьайн вешин зудчуьнца дӀа ма вижа. Иза хьайн вешица дӀавижар санна ду. |
|
| 17 |
|
| Ненаца а, йоӀаца а дӀа ма вижа, ткъа иштта зудчуьнца а, цуьнан кӀентан я йоьӀан йоӀаца а ма вижа. Уьш цхьана цӀийх схьабевлла бу. Цаьрца дӀавижар дегаза ду. |
|
| 18 |
|
| Бухахь йолчу зудчунна тӀе цуьнан йиша ма ялае, царах эмгарш хилийта. Хьайн зуда дийна а йолуш, цуьнан йишица дӀа ма вижа. |
|
| 19 |
|
| Хьайн зуда цӀена йоцучу деношкахь цуьнца дӀа ма вижа. |
|
| 20 |
|
| Хьайн уллорачун зудчуьнца дӀа ма вижа, хьо Далла хьалха боьха хир ву. |
|
| 21 |
|
| Мулка-далла сагӀа даккха хьайн бераш дӀа ма ло, хьайн Делан цӀе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. |
|
| 22 |
|
| Зудчуьнца санна, стагаца дӀа ма вижа. Иза дегаза хӀума ду. |
|
| 23 |
|
| Цхьана а дийнатца дӀа ма вижа, цу гӀуллакхо хьо Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ву. Зуда а дийнатца дӀа ма йижа. Иза чӀогӀа маьттаза хӀума ду! |
|
| 24 |
|
| Оцу гӀуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дӀалохкучу халкъаша цу хӀуманашца шаьш бехдина. |
|
| 25 |
|
| Ур-атталла уьш тӀехь Ӏаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таӀзар до оцу лаьттана, цо шена тӀера и нах дӀаӀеттор бу. |
|
| 26 |
|
| Ткъа аша Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде, исраилхочо а, шуна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а и дегаза хӀуманаш ма леладе. |
|
| 27 |
|
| (Шул хьалха оцу лаьтта тӀехь баьхначу наха лелийна и дегаза гӀуллакхаш, цара бехдина и латта.) |
|
| 28 |
|
| Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тӀера дӀаӀеттор ду шу, шул хьалха цигахь Ӏийна халкъаш санна. |
|
| 29 |
|
| Нагахь цхьаммо и дегаза гӀуллакхаш леладахь, иза шен халкъана юкъара эккхор ву. |
|
| 30 |
|
| Аса тӀедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гӀиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“». |
|
|
|
|