|
| 1 |
|
| «Нагахь цхьанна кӀен сагӀа даккха лаахь, кӀенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла цо. |
|
| 2 |
|
| И сагӀа динан дай болчу АхӀаронан кӀенташна тӀе дан деза. Деман цхьа кана, цуьнца долчу зайтдаьттанца схьа а эцна, дерриг а ливанаца иза сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багор бу динан дас. Дерриг а дама Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. ЦӀера тӀехь доккхуш долчу оцу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. |
|
| 3 |
|
| КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела. |
|
| 4 |
|
| Нагахь санна пешахь деттина кӀен сагӀа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тӀе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза. |
|
| 5 |
|
| Нагахь хьан кӀен сагӀа кхийрачу пхьегӀи тӀехь деттина делахь, иза зайтдаьтта тоьхначу демах совсаза дина хила деза. |
|
| 6 |
|
| Бепиг дакъошка а декъий, цунна тӀе зайтдаьтта дотта. Иза Везачу Элана лерина кӀен сагӀа ду. |
|
| 7 |
|
| Нагахь хьан кӀен сагӀа ялгӀу тӀехь деттина бепиг делахь, иза зайтдаьттанца долчу тоьллачу кӀен демах дина хила деза. |
|
| 8 |
|
| Иштта кечдина кӀен сагӀа Везачу Элана схьада. Динан дега дӀакховдаде иза, цо кхерча тӀе дуьллур ду и сагӀа. |
|
| 9 |
|
| Динан дас, схьа а эцна, кхерча тӀехь сагӀин цхьа дакъа дагор ду. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю. |
|
| 10 |
|
| КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела. |
|
| 11 |
|
| Везачу Элана лерина дахьачу муьлххачу а кӀен сагӀанах морза ма тоха, хӀунда аьлча я морза а, я моз а Везачу Элана леринчу сагӀанца даго бакъо яц шун. |
|
| 12 |
|
| Дуьххьара схьаэцначу ялтех долу совгӀат санна дан мегар ду уьш Везачу Элана лерина, амма тамехь хьожа яийта кхерча тӀехь даго мегар дац. |
|
| 13 |
|
| Муьлххачу а кӀен сагӀанах туьха тоха, хьайн сагӀа Делаца бинчу бертан туьха ца тухуш ма дита. Муьлххачу а айхьа дахьачу сагӀанца Везачу Далла туьха да. |
|
| 14 |
|
| Дуьххьарчу ялтех кӀен сагӀа доккхуш делахь, цӀера тӀехь дакъийначу кенех даьхна аьтта долу буьртигаш да. |
|
| 15 |
|
| Царна тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла. Иза кӀен сагӀа ду. |
|
| 16 |
|
| Динан дас буьртигийн цхьа дакъа — зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а эдина — дагор ду. И дерриге а Везачу Элана лерина сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Иза Везачу Элана цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду». |
|
|
|
|