|
| 1 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала динан дайшка, АхӀаронан кӀенташка: „Шайн халкъана юкъара веллачух куьг а тохий, шаьш Далла хьалха бех ма де. |
|
| 2 |
|
| Амма велларг цуьнан уллора гергарниг хиллехь — да я нана, кӀант я йоӀ, ваша |
|
| 3 |
|
| я маре яхаза, цуьнца цхьаьна Ӏийна йиша — цунах куьг Ӏоттарца динан дена магийтина ду ша бехван. |
|
| 4 |
|
| Халкъана юкъара муьлххачу стагах а хьакхавелла, ша бехван ца веза динан дас, сийсазвина ца хилийта. |
|
| 5 |
|
| Шайн кортош дӀадаша а, мажойн йистош ларга а, дегӀ а хедош, билгалонаш ян а мегар дац динан дайшна. |
|
| 6 |
|
| Шайн Далла хьалха цӀена хила беза уьш, Цуьнан цӀе сийсазъян ца еза цара, хӀунда аьлча Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀанаш дохурш бу уьш, ткъа и сагӀанаш Делан кхача бу. Цундела цӀена хилар тӀехь ду царна. |
|
| 7 |
|
| Нахаца леларг а, шен сий дайина ерг а, майрачо дӀатесна ерг а яло мегар дац цара, хӀунда аьлча уьш шайн Далла хьалха цӀена бу. |
|
| 8 |
|
| Динан да цӀена лара, хӀунда аьлча цо хьан Далла кхачанийн сагӀанаш доху. ЦӀена хуьлийла иза хьуна, хӀунда аьлча шу даздеш волу Со, Веза Эла, цӀена ву. |
|
| 9 |
|
| Нагахь динан ден йоӀ нахаца лелахь, цо шен да сийсазвоккху. ЦӀергахь яго еза иза. |
|
| 10 |
|
| Динан коьрта да шен вежаршна юкъара хаьржина ву, коьрта тӀе даьтта доттарца къобал а веш. Деза духарш тӀедуха вазвина волчу цо сингаттам гайта шен коьртара месаш низам доцуш хилийта а ца еза, шен тӀера бедарш этӀо а ца еза. |
|
| 11 |
|
| Велларг волчу чуваха ца веза иза. Ур-атталла деллачу дех я ненах а хьакхавелла, ша бехван ца веза цо. |
|
| 12 |
|
| Велларг дӀаволлархьама, Делан цӀа долчуьра дӀа а вахана, шен Делан цӀа сийсаздан ца деза цо, хӀунда аьлча даьтта тӀедоттарца дина долу Делан къобалвар ду цунна тӀехь. Со Веза Эла ву. |
|
| 13 |
|
| Шен халкъана юкъара йоӀстаг бен шена яло мегар дац цо. |
|
| 14 |
|
| Йисина йолу я йитина йолу, я сийсазйина йолу, я нахаца лелаш йолу зуда яло мегар дац цо, динан дас шена ялориг шен халкъана юкъара йолу йоӀстаг хила еза, |
|
| 15 |
|
| шен тӀаьхье Далла хьалха боьха ца хилийтархьама. Иза вазвеш волу Веза Эла ву Со“». |
|
| 16 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 17 |
|
| «ДӀаала АхӀароне: „Нагахь хьан тӀаьхьенах волчу цхьаннан дегӀа тӀехь сакхт хилахь, шен Далла кхачанийн сагӀанаш даха мегар дац цунна. Иза гуттаренна а тӀедуьллуш ду. |
|
| 18 |
|
| Далла сагӀанаш даха мегар дац иштта цхьа сакхт долчунна: бӀаьрзечунна, астагӀчунна, цӀарматчунна, |
|
| 19 |
|
| ког я куьг заьӀап долчунна, |
|
| 20 |
|
| букъ хьала ца нислуш волчунна, лохачунна, бӀаьрган цамгар йолчунна, чераш долчунна, чкъуран цамгар йолчунна, бехке меттехь чов йиначунна. |
|
| 21 |
|
| Динан ден АхӀаронан тӀаьхьенах а волуш, дегӀа тӀехь сакхт долчу цхьана а стеган йиш яц Везачу Элана тӀеван цӀера тӀехь сагӀанаш даха. Сакхт ду цунна тӀехь, цундела шен Далла кхачанийн сагӀанаш даха мегар дац цунна. |
|
| 22 |
|
| Суна лерина даьхна сагӀанаш даа мегар ду цо, беза кхача я уггар беза кхача иза белахь а. |
|
| 23 |
|
| Амма цу стагана тӀехь сакхт хиларна, Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна а, сагӀа доккхучу кхерчана а тӀеван мегар дац иза, Сан четар а, цунна чохь мел ерг а сийсаз ца ярхьама. Уьш язъеш волу Веза Эла Со ма ву“». |
|
| 24 |
|
| АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг а исраилхошка а дӀахаийтира иза Мусас. |
|
|
|
|