|
| 1 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 2 |
|
| «ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а исраилхоша Суна къобалдеш долу деза сагӀанаш леррина леладе, Сан еза цӀе сийсаз ца яйтархьама. Со Веза Эла ву. |
|
| 3 |
|
| ДӀаала цаьрга: „Шун тӀаьхьенах волу цхьаъ, Далла хьалха цӀена а воцуш, исраилхоша Суна къобалдинчу дезачу сагӀанашна гергакхачахь, Суна хьалхара дӀаэккхор ву иза. Со Веза Эла ву“. |
|
| 4 |
|
| АхӀаронан тӀаьхьенах волу цхьаъ чкъуран цамгар йолуш я дегӀах тӀуналла схьайолуш велахь, цо деза сагӀа даа мегар дац, ша цӀанваллалц. Еллачу хӀуманах хьакхаеллачух куьг Ӏоьттинарг а, боьршачу нехан тӀуналла шех схьаяьлларг а, |
|
| 5 |
|
| муьлххачу а текхаргех хьакхавелларг а, боьхачу стагах хьакха а велла, цӀена воцург а |
|
| 6 |
|
| сарралц боьха хир ву. Цо деза сагӀа даа мегар дац, хица шен дегӀ диллалц. |
|
| 7 |
|
| Малх чубуьзча, иза цӀена хир ву, тӀаккха цо сагӀанех йолу хӀума яа мегар ду, хӀунда аьлча иза цуьнан кхача бу. |
|
| 8 |
|
| Къеделла я акхароша дийна долу дийнат даа мегар дац динан дена. Ишттачу кхачано иза бехвийр ву. Со Веза Эла ву. |
|
| 9 |
|
| Сан хьехамаш ларбойла цара, шаьш бехке ца хилийтархьама а, тӀедиллинарг талхор бахьана долуш ца далархьама а. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со. |
|
| 10 |
|
| Хийрачо цхьаммо а деза сагӀа даа мегар дац. Динан да волчохь Ӏачу хьешо а, динан дена йолах болх бечу стага а даа мегар дац деза сагӀа. |
|
| 11 |
|
| Ахча а делла, эцначу а, цуьнан хӀусамехь дуьнен чу ваьллачу а лено даа мегар ду и сагӀа. |
|
| 12 |
|
| Динан дайн тӀаьхьенах схьа ца ваьллачу стаге маре яханчу динан ден йоӀа дезачу сагӀина деанарг даа мегар дац. |
|
| 13 |
|
| Бераш а доцуш, йисна я йитина Ӏаш йолчу динан ден йоӀа, шен хӀусаме юхаеача, даа мегар ду шен ден бепиг, ша жима йолчу хенахь санна. Ткъа хийрачо цхьаммо а иза даа мегар дац. |
|
| 14 |
|
| Цхьаммо ларамаза дезачу сагӀанах цхьаъ яахь, цо динан дена и деза сагӀа юхаметтахӀотто деза, цу тӀе цуьнан пхоьалгӀа дакъа тӀе а тоьхна. |
|
| 15 |
|
| Динан дайша шаьш а сийсаздан мегар дац исраилхоша Везачу Элана деана долу деза сагӀанаш, |
|
| 16 |
|
| бакъо йоцучу нахе уьш даа а даийтина. Цу хӀумано уьш бехке а хуьлуьйтур бу, царна таӀзар а дийр ду. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со». |
|
| 17 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 18 |
|
| «ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг исраилхошка а: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчух цхьаммо цхьана нигатца я даггара леларца дийнаташ дагоран сагӀа Везачу Элана лерина доккхуш делахь, |
|
| 19 |
|
| сагӀина далийна дийнат старгӀанех я койх, я бежалойх эцна сакхт доцу боьршаниг хила еза, Дела резахилийтархьама. |
|
| 20 |
|
| ТӀехь сакхт долу цхьа а дийнат Везачу Элана лерина ма даладелаш, цуьнца аш Дела резавийр вац. |
|
| 21 |
|
| Нагахь цхьаммо шен нигатца я даггара леларца Везачу Элана лерина бертан сагӀина доккха я жима дийнат далийнехь, иза сакхт доцуш хила деза, Дела цунна резахилийта. Дийнаташна тӀехь цхьа а сакхт хила йиш яц. |
|
| 22 |
|
| БӀаьрзе я лазийна, я цӀармата, я цомгуш долу, я даьӀнаш долу, я чераш долу дийнат Везачу Элана лерина ма даладе. Царах цхьа а, Везачу Элана лерина цӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна, сагӀа доккхучу кхерча тӀе ма дилла. |
|
| 23 |
|
| ТӀех беха я боца когаш болу старгӀа я Ӏахар даггара леларца долчу сагӀина дало мегар ду, амма нигатца доккхучу сагӀина уьш мегар дац, Дела резахир вац ишттачу хӀуманна. |
|
| 24 |
|
| Боьршалла гойту коьчалш лазийна я хьаьшна, я дӀаяьхна, я дӀахедийна долу дийнаташ Везачу Элана лерина ма даладе, шайн махкахь и саннарг ма де. |
|
| 25 |
|
| Кхечу къаьмнех болчу нехан карара иштта дийнаташ шайн Далла леринчу сагӀина схьа ма эца, хӀунда аьлча царна тӀехь сакхт ду. Цара Дела шуна резахуьлуьйтур вац“». |
|
| 26 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 27 |
|
| «Эса я Ӏахар, я буьхьиг йича, ворхӀ дийнахь шен ненаца йита еза, ткъа борхӀалгӀачу дийнахь дуьйна цӀера тӀехь Везачу Элана цунах сагӀа даккха мегар ду. |
|
| 28 |
|
| Аттана цо динчу эсаца, жийна цо бинчу Ӏахарца цхьана дийнахь урс ма хьакхалаш. |
|
| 29 |
|
| Нагахь шаьш Везачу Элана лерина баркаллин сагӀа доккхуш делахь, Дела шайна резахуьлуьйтучу кепара даккха иза. |
|
| 30 |
|
| Цу дийнахь даа деза и сагӀа, цунах хӀума Ӏуьйренга ма ялийта. Со Веза Эла ву. |
|
| 31 |
|
| Сан весеташ лар а де, кхочуш а де. Со Веза Эла ву. |
|
| 32 |
|
| Сан еза цӀе сийсаз ма е, исраилхойн дерриг а халкъо Со веза хилар къобалдан деза. Шу даздеш волу Веза Эла ву Со. |
|
| 33 |
|
| Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Ас. Со Веза Эла ву». |
|
|
|
|