|
| 1 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 2 |
|
| «ДӀаала исраилхошка: „ХӀорш ду Суна лерина долу динан деза денош. Цу деношкахь аша безачу гуламашка халкъ кхайкха деза. |
|
| 3 |
|
| Ялх дийнахь болх бан мегар ду, ткъа ворхӀалгӀа де, садоӀу шоьтан де, безачу гуламна лерина хилийта. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе. Миччанхьа а шу Ӏаш делахь а, иза Везачу Элана лерина долу шоьтан де ду. |
|
| 4 |
|
| ХӀорш ду Везачу Элана лерина кхидолу деза денош, шайн-шайн хенашкахь билгалдаьхначу гуламашца“». |
|
| 5 |
|
| «Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза. |
|
| 6 |
|
| Ткъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу. |
|
| 7 |
|
| Цу езачу хенан хьалхарчу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. |
|
| 8 |
|
| ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀанаш даха. ВорхӀалгӀачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь». |
|
| 9 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 10 |
|
| «ДӀаала исраилхошка: „Ас шайна луш долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, ялта чудерзочу хенахь дуьххьарлера цӀов динан дега дӀало. |
|
| 11 |
|
| Цо и цӀов, шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана хьалха хьалаойур бу, Иза шуна резахилийта. Шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь и ялтин цӀов Везачу Элана хьалха хьалаойур бу цо. |
|
| 12 |
|
| ЦӀов хьалаойучу дийнахь цхьа шо кхаьчна, сакхт доцу Ӏахар а бей, цунах Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа даккха. |
|
| 13 |
|
| Ӏахарца цхьаьна кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а да. КӀен сагӀина цхьа сахь кӀен тоьлла дама схьа а эца, ткъа цу тӀе даьтта тоха. ЦӀера тӀехь даьккхина кӀен сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. ЧагӀаран сагӀина хӀин цӀе йолчу бараман доьалгӀа дакъа чагӀар схьаэца. |
|
| 14 |
|
| Шайн Далла лерина и сагӀанаш дохуш долу де тӀекхаччалц, бепиг а, кхерзина я керла буьртигаш а ма даалаш. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа шаьш Ӏаш делахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза“». |
|
| 15 |
|
| «Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цӀов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу денна тӀера дуьззина ворхӀ кӀира дагарде. |
|
| 16 |
|
| Шовзткъе итт де дӀадаьлча, ворхӀалгӀа шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь, Везачу Элана лерина керла кӀен сагӀа даккха. |
|
| 17 |
|
| Шайн хӀусамаш тӀера Везачу Элана хьалха хьалаайина шатайпа сагӀа санна ши бепиг да. Цхьа сахь тоьллачу кӀен демах хьакхийначу совсийначу бедах дина хила деза и баьпкаш. Везачу Элана лерина дуьххьарлерчу ялтех долу совгӀат хир ду иза. |
|
| 18 |
|
| Баьпкашца цхьаьна шо кхаьчна долу, цхьа а сакхт доцу ворхӀ Ӏахар а, даккхийчу хьайбанех цхьа старгӀа а, ши ка а балабе. Цу бежанех Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду. Цаьрца цхьаьна кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха дезаш ду. ЦӀера тӀехь дохуш долчу оцу сагӀанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. |
|
| 19 |
|
| Къинан сагӀина цхьа бож а, бертан сагӀина шо кхаьчна ши Ӏахар а кечбе. |
|
| 20 |
|
| Везачу Элана хьалха шатайпа сагӀа санна даккха деза динан дас дуьххьарлерчу ялтех дина баьпкаш а, ши Ӏахар а. Везачу Элана лерина деза сагӀа ду иза. И сагӀа динан дена дӀадала дезаш ду. |
|
| 21 |
|
| Безачу гуламе цу дийнахь нах схьакхайкха, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа уьш Ӏаш белахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза. |
|
| 22 |
|
| Шайн лаьтта тӀехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. Къечарна а, тӀебаьхкинчарна а дита уьш. Со шун Веза Дела ву». |
|
| 23 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 24 |
|
| «ДӀаала исраилхошка: „ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь садаӀа. МаӀаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хӀоттаде цу дийнахь. |
|
| 25 |
|
| Вукху деношкахь санна болу болх ма бе, Везачу Элана лерина сагӀа даккха цу дийнахь“». |
|
| 26 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 27 |
|
| «ВорхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха, цу дийнахь къинош дӀадахаран де хир ду шун. Массо а хӀума шайна доьхкуш, марха а кхабий, Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха. |
|
| 28 |
|
| Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе, хӀунда аьлча иза къинош дӀадахаран де ду, шун Везачу Далла хьалха шуна тӀера къинош дӀадохуш долу де. |
|
| 29 |
|
| Муьлхха а цу дийнахь массо а хӀуманна тӀера марха ца кхаьбнарг шен халкъана юкъара эккхор ву. |
|
| 30 |
|
| Цу дийнахь муьлхха а болх бинарг Ас шен халкъана юкъара хӀаллаквийр ву. |
|
| 31 |
|
| Цхьа а тайпа болх ма бе. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа уьш Ӏаш белахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза. |
|
| 32 |
|
| Иза садоӀу шоьтан де ду шуна. Цу беттан уьссалгӀачу дийнахь сарахь дуьйна, массо а хӀума шайна доьхкуш, марха кхаба. УьтталгӀачу дийнан суьйре тӀекхаччалц ларде шайн садоӀу шоьтан де». |
|
| 33 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 34 |
|
| «ДӀаала исраилхошка: „Оццу ворхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь дуьйна ворхӀ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош де царах. |
|
| 35 |
|
| Хьалхарчу дийнахь беза гулам дӀахьо, вукху деношкахь санна болу болх ма бе. |
|
| 36 |
|
| ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха. БархӀалгӀачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цӀера тӀехь сагӀа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь. |
|
| 37 |
|
| (Иштта ду Везачу Элана лерина деза денош. Цу деношкахь безачу гуламашка нах а кхайкха, шен-шен дийнахь цӀера тӀехь сагӀанаш а даха: дийнаташ дагоран а, кӀен а, бертан а, чагӀаран а сагӀанаш. |
|
| 38 |
|
| И деза денош Везачу Элана леринчу шоьтан деношна тӀетоьхна а ду, ткъа и сагӀанаш — Везачу Элана лерина кхидолчу сагӀанашна а, шайн лаамца я шаьш динчу нигаташца дахьачу совгӀаташна а тӀетоьхна а ду.) |
|
| 39 |
|
| ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь дуьйна, шаьш ялта схьагулдина девлча, ворхӀ дийнахь Везачу Элана лерина деза денош дазде, хьалхарчу а, бархӀалгӀачу а дийнахь са а доӀуш. |
|
| 40 |
|
| Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гӀаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхӀ дийнахь самукъадаккха. |
|
| 41 |
|
| ХӀора шарахь ворхӀ дийнахь Везачу Элана лерина дазде и деза денош. Иза шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду. ВорхӀалгӀачу баттахь дазде и деза денош. |
|
| 42 |
|
| Кхалораш кӀелахь Ӏе ворхӀ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кӀелахь Ӏен деза. |
|
| 43 |
|
| Шун тӀаьхьенашна хуур ду тӀаккха, исраилхой Мисар-махкара арабаьхча, Ас кхалораш кӀелахь баха охьаховшийний. Со шун Веза Дела ву“». |
|
| 44 |
|
| Иштта Мусас исраилхошна дийцира Везачу Элан дезачу денойх лаьцна. |
|
|
|
|