|
| 1 |
|
| БорхӀалгӀачу дийнахь АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, исраилхойн къаной а схьакхайкхира Мусас. |
|
| 2 |
|
| Цо элира АхӀароне: «Цхьа а сакхт доцу старгӀа а, ка а балабе Везачу Элана хьалха хӀотто. Старах къинан сагӀа даккха, ткъа коьмах дийнаташ дагоран сагӀа даккха. |
|
| 3 |
|
| Исраилхошка ала: „Къинан сагӀа даккха бож а, дийнаташ дагоран сагӀа даккха цхьа а сакхт доцу шо кхаьчна шинар а, оццул хан йолу цхьа а сакхт доцу Ӏахар а балабе. |
|
| 4 |
|
| Везачу Элана хьалха бертан сагӀа даккхархьама, сту а, ка а балабе, ткъа иштта даьттанца эдина кӀен сагӀа а даккха, хӀунда аьлча тахана шуна Веза Эла гучувер ву“». |
|
| 5 |
|
| Мусас да аьлла тӀедиллинарг гуламан четарна дуьххьал охьа а диллина, Везачу Элана хьалха хӀоьттира дерриг а халкъ. |
|
| 6 |
|
| Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллинарг дерриг а кхочушдан деза аш, тӀаккха Везачу Элан олаллин нур схьахӀуттур ду шуна». |
|
| 7 |
|
| АхӀароне Мусас элира: «СагӀа доккхучу кхерчана тӀе а гӀой, хьайна тӀера къинан сагӀа а даккха, дийнаташ дагоран сагӀа а кхочушде, ахьа а, халкъо а летийна къинош дӀадахархьама. Халкъо деана совгӀаташ схьаэца, наха летийна къинош дӀадахархьама, Везачу Эло тӀе-ма-диллара». |
|
| 8 |
|
| Кхерчана тӀе а вахана, шена тӀера, къинан сагӀина лерина, старана урс хьаькхира АхӀарона. |
|
| 9 |
|
| КӀенташа цӀий деара АхӀаронна тӀе, цу чохь шен пӀелг а башийна, кхерчан маӀашна тӀе хьаькхира цо, ткъа дисина цӀий кхерчан буьхе охьадоьттира. |
|
| 10 |
|
| Къинан сагӀанах йолу мохь а, жаннаш а, доӀаха тӀера мохь а кхерча тӀехь ягийра цо, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, |
|
| 11 |
|
| ткъа жижиг а, неӀ а цӀера тӀехь дагийра, меттаматтал ара а даьккхина. |
|
| 12 |
|
| Юха дийнаташ дагоран сагӀина леринчу бежанна урс хьаькхира АхӀарона. Цуьнан кӀенташа цӀий тӀедеара цунна. Цо иза массо а агӀор кхерчана тӀе туьйхира. |
|
| 13 |
|
| Дийнаташ дагоран сагӀина урс хьаькхначу бежанан дакъош а, корта а цара цхьацца шена схьадеача, кхерча тӀехь дагадора цо, |
|
| 14 |
|
| ткъа чоконаш а, когаш а, била а билина, вукху дакъошца кхерча тӀехь багийра. |
|
| 15 |
|
| Цул тӀаьхьа АхӀарона халкъан сагӀа даьккхира. Халкъана тӀера долчу къинан сагӀина лерина йолу бож схьа а эцна, ен а йийна, и къинан сагӀа Везачу Элана даьккхира цо, хьалха шена тӀера сагӀа даккхаре терра. |
|
| 16 |
|
| Дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхира цо, Везачу Эло тӀе-ма-диллара. |
|
| 17 |
|
| Иштта, кӀен сагӀа а даьккхина, цунах цхьа кана а юьзна, юха кхерча тӀехь Ӏуьйранна даьккхинчу дийнаташ дагоран сагӀина тӀехула иза дагийра цо. |
|
| 18 |
|
| Сту а, ка а бийра цо, халкъана долчу бертан сагӀина лерина. Цуьнан кӀенташа цӀий тӀедеара цунна. Цо иза массо а агӀор кхерчана тӀетуьйхира. |
|
| 19 |
|
| КӀенташа схьаеара цунна стеран а, коьман а мохь: дума а, чоконна тӀера мохь а, жаннаш а, доӀаха тӀера мохь а. |
|
| 20 |
|
| Цара мохь некхан жижигна тӀе йиллича, цо иза, схьа а эцна, кхерча тӀехь ягийра. |
|
| 21 |
|
| Некхан жижиг а, аьтту гӀогӀ а, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна даьккхира АхӀарона, Мусас тӀе-ма-диллара. |
|
| 22 |
|
| Халкъехьа дӀа а вирзина, айинчу куьйгашца иза декъал а дина, чувоьссира АхӀарон, къинан а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а даьхна. |
|
| 23 |
|
| ТӀаккха Муса а, АхӀарон а гуламан четарна чувелира. Цигара араваьлча, халкъ декъалдира цу шимма. Дерриг а халкъана Везачу Элан олаллин нур гучуделира. |
|
| 24 |
|
| Везачу Элера схьайолучу цӀеро кхерча тӀера дийнаташ дагоран сагӀина дийна бежана а, мохь а дӀакхаьллира. И дерриге а гина халкъ, инзардаларца маьхьарий а тоьхна, бертал суждана дахара. |
|
|
|
|