|
| 1 |
|
| Иштта боху Везачу Эло: «Муабахоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча муабахоша Эдом-мехкан паччахьан даьӀахкаш, царах чим а беш, ягийна дӀаяьхнера. |
|
| 2 |
|
| Муаби-махкана тӀе цӀе хьажор ю Ас, цо хӀаллакйийр ю Кхиръют-гӀалин гӀепаш, тӀаккха Муаби-мохк хӀаллакьхир бу. И бохам хуьлучу хенахь тӀеман гӀовгӀа хир ю, коьман маӀан аз а хир ду хезаш. |
|
| 3 |
|
| Ас хӀаллаквийр ву цу мехкан куьйгалхо, ткъа цунна гонах берш а хӀаллакбийр бу Ас цуьнца цхьаьна», — боху Везачу Эло. |
|
| 4 |
|
| Иштта боху Везачу Эло: «ЯхӀудхоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча Везачу Элан товрат-хьехамаш дӀатеттира цара, Цуьнан парзаш лар а ца дина. Церан дай тӀаьхьахӀиттина леллачу цӀуша тилийна уьш. |
|
| 5 |
|
| Ас цӀе хьажор ю ЯхӀудана тӀе, цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш». |
|
| 6 |
|
| Иштта боху Везачу Эло: «Исраилхоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара бакъверг а детих дӀавухку, къениг а вухку шина мачех. |
|
| 7 |
|
| Къечеран кортош лаьттан ченалахь хьоьшуш ду, ткъа мискачарна нийсаниг дан ца магадо цара. Ур-атталла да а, цуьнан кӀант а цхьана зуда-ялхочуьнца лела оьху, Сан еза цӀе емал а еш. |
|
| 8 |
|
| Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тӀе а юхий, Ӏохку уьш сагӀанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гӀуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагӀар муьйлу цара шайн Делан цӀа чохь. |
|
| 9 |
|
| Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хӀаллаквина. Ас церан лакха тӀера стом а, лахара орам а хӀаллакбина. |
|
| 10 |
|
| Ткъа Ас шу арадехира Мисар-махкара. Шовзткъа шарахь лелийра Ас шу яьссачу аренгахула, эмархойн латта шун дола далийтархьама. |
|
| 11 |
|
| Ас шун кӀенташна юкъара пайхамарш хоржура, ткъа шун къонахех — назархой хуьлуьйтура. Иштта дац ткъа иза, исраилхой?» — боху Везачу Эло. |
|
| 12 |
|
| «Ткъа аша назархошна чагӀар мийладора, пайхамаршка омра дора: „Делера болу хаамаш ма бе!“ — бохуш. |
|
| 13 |
|
| Ас хӀинца охьатаӀор ду шу, цӀевнех юьзначу гӀудалкхо охьа-ма-таӀӀора. |
|
| 14 |
|
| ТӀаккха кадечун а дӀавада ницкъ хир бац, ондачуьнга а шен ондалла латталур яц, тӀемалочуьнга а шен дахар кӀелхьардаккхалур дац. |
|
| 15 |
|
| Пхерчий кхуьссург а дуьхьаллатталур вац, маса лелаш верг а дӀавадалур вац, дошлочуьнга а шен дахар кӀелхьардаккхалур дац. |
|
| 16 |
|
| ТӀемалошна юкъара уггар а доьналла дерг а оцу дийнахь водур ву, герз охьа а тесна», — боху Везачу Эло. |
|
|
|
|