Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Везачу Эло цхьана боккхачу чӀере, Юнус дӀакхалла аьлла, омра дира. Кхо де-буьйса даьккхира Юнуса оцу чӀеран гай чохь. |
| 2 |
| Ша чӀеран гай чохь воллуш, Юнуса доӀанца дийхира шен Везачу Деле. |
| 3 |
| Цо элира: «Со гӀайгӀанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас, тӀаккха Везачу Дала суна жоп делира. Эхартара цӀогӀа туьйхира ас, тӀаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз. |
| 4 |
| ХӀордан кӀоргене, хӀордан даг чу кхоьссина Ахьа со. Хин Ӏовраша го бина суна. Хьан массо тулгӀенаш, со керчош, тӀехула евлла суна. |
| 5 |
| ТӀаккха элира ас: „Хьайн бӀаьргашна хьалхара дӀаваьккхина Ахь со, амма суна юха а гур ду Хьан Деза ЦӀа“. |
| 6 |
| Бух боцучу хӀордо къевлина со, сан син тӀе а кхаьчна, дӀалаьцна со хино. Сан коьртах хӀордан бецаш хьаьрчина. |
| 7 |
| Лаьмнийн буха кхаччалц охьавеана со. Гуттаренна а шен гӀораш а доьхкина, лаьтто дӀакъевлина со. Амма Ахьа, Сан Веза Дела, хьалаваьккхира со бух боцучу Ӏин чуьра. |
| 8 |
| Кхин сайн тоха са ца хилча, суна дагавеана Хьо, Веза Эла, тӀаккха Хьан Дезачу ЦӀа чохь волчу Хьоьга дӀакхаьчна сан доӀанаш. |
| 9 |
| Эрна а, харц а деланаш лоруш берш шаьш даим дезаш волчу Делах дӀакъаьстина. |
| 10 |
| Амма сайна тӀера сагӀа сайн озаца хастам беш доккхур ду ас. Сайн нигат а кхочушдийр ду ас. Везачу Элан карахь ду кӀелхьарвалар!» |
| 11 |
| ТӀаккха Дала шега аьлча, боккхачу чӀеро Юнус лаьтта тӀе кхоьссира. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/jonah/002.mp3
4
2