|
| 1 |
|
| ЯхӀуд-мехкан паччахьаша — Йовтама, Ахьаза, Хьузакх-ЯхӀус — паччахьалла дечу хенахь Муршат-юьртара волчу Мика-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Оцу хаамехь Мика-ЯхӀуна дӀаделладелира Шамран а, Ярушалайм а цӀераш йолчу гӀаланех хиндерг. |
|
| 2 |
|
| ЛадогӀа массо а халкъаша, тергам бе лаьтто а, цунна тӀехь мел долчо а! Шуна дуьхьал теш хуьлийла сан Хьалдолу Эла, Шен дезачу цӀийнера волу Веза Эла! |
|
| 3 |
|
| ХӀунда аьлча Шен езачу меттигера араволуш ву Веза Эла. Охьа а ваьлла, лаьттан лакхенаш хьоьшур ю Цо — |
|
| 4 |
|
| Цунна кӀелахь лаьмнаш дешар ду, цӀергахь лела балоз санна, уьш тогӀеш чу текхар ду, гуна тӀера охьадогӀу хи санна. |
|
| 5 |
|
| Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла а, Исраилан халкъо летийна къинош бахьана долуш ду и дерриге а. ХӀун бахьаница ю Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла? Шамран-гӀалица йоьзна юй те иза? ХӀун бахьаница бу ЯхӀуд-махкахь цӀушна сагӀа доккху гунаш? Ярушалаймаца доьзна-м дац те иза? |
|
| 6 |
|
| Везачу Эло боху: «Иза бахьана долуш Ас Шамран-гӀаланах саьлнаш йийр ю аренгахь, кемсаш лелон бен пайден хир яц и меттиг. Ас цуьнан тӀулгаш тогӀи чу кхуьссур ду, цуьнан баххаш гучу а дохуш. |
|
| 7 |
|
| Дерриге а цуьнан Ӏамал еш долу суьрташ дохор ду. Сийсаза леларна делла долу совгӀаташ цӀергахь дагор ду. Ас цуьнан массо а цӀуш бохабойтур бу. ЦӀуйн дуьхьа лелаш долчу кхахьпаллина цо совгӀаташ схьаэцарна, кхахьпаллина уьш кхин а дӀалур ду». |
|
| 8 |
|
| Юха Мика-ЯхӀус элира: «Со цунна воьлхур а ву, тийжар а ву, когаш Ӏуьйра а, верзинаваьлла а лелар ву со. Со, чангӀалкх санна, угӀур ву, бухӀа санна, воьлхур ву, |
|
| 9 |
|
| хӀунда аьлча Шамранан чевнаш йоьрзур йолуш яц. Изза ЯхӀуд-махкана а дӀакхаьчна. Ур-атталла сан халкъан кевне, Ярушалайме а, кхаьчна иза». |
|
| 10 |
|
| Иза Гати-гӀалахь дӀа ма кхайкхаделаш, цигахь хозуьйтуш ма делхалаш (Гати — «кхайкхо» бохург ду). Амма Байт-Ӏапру олучу юьртахь шайна тӀе чан тасалаш (Ӏапру — «чан» бохург ду). |
|
| 11 |
|
| Эхь дайна, берзинабевлла болу Шапир-гӀалин бахархой, керлачу метте дӀакхалха. Цаинунехь бехаш берш а дӀабовдалур бац. (Цаинун — «довда» боху маьӀна долуш ду). Байт-Эцал-юьртахь дечу белхаро шу цигахь соцуьйтур дац. |
|
| 12 |
|
| Марут-гӀалин бахархой шайна гӀо даре сатесна бу, хӀунда аьлча Везачу Элера болу бохам Ярушалайман кевне кхаьчна (Марут — цуьнан «къаьхьа» бохург ду). |
|
| 13 |
|
| Лахиш-гӀалин бахархой, чехка говраш дӀайожа гӀудалкхана (Лахиш — цуьнан маьӀна «гӀудалкх» бохург ду). Шу Ярушалайман бахархойн къинойн юьхьиг ю, хӀунда аьлча шуна тӀера дӀадоладелла Исраилан халкъан зуламаш. |
|
| 14 |
|
| Иштта аша Муршат-Гати-гӀала совгӀаташ дӀакхоьхьуьйтур ду, амма Ахзиб-гӀала Исраил-мехкан паччахьаш Ӏехорна хир ю (Муршат — цуьнан маьӀна «зудчух луш болу там» бохург ду). |
|
| 15 |
|
| Марешера бахархой, Ас шу мостагӀчун кара дӀалур ду (Мареш — цуьнан маьӀна «толамхо» бохург ду). Исраилан халкъан куьйгалхой, бевдда, Ӏадулам-хьехана чохь къайлабевр бу. |
|
| 16 |
|
| Дукха дезачу шайн берашна шаьш гӀайгӀанехь хиларна, шайн коьртара месаш дӀаяша. Шу долчуьра уьш махках бохург хиларна, ломъаьрзунан санна, шайн кортош дерзина даха. |
|
|
|
|