|
| 1 |
|
| Бохам бийриг хьуна дуьхьалгӀаьттина, ва Нунав-гӀала! Ӏалашъе хьайн чӀагӀонаш, ларбе хьайна тӀебогӀу некъ, хьайн гӀодаюкъ ехка, схьагулбе ницкъ. |
|
| 2 |
|
| Веза Эла Якъубан тӀаьхьенан сийлалла меттахӀотто воллу, Исраилан халкъан сийлалла меттахӀоттор ю, бохам бечара церан латта дассийна делахь а, церан кемсийн гаьннаш хӀаллакдина делахь а. |
|
| 3 |
|
| Церан эскархойн турсаш цӀен ду. Церан тӀемалой цӀен духар дуьйхина бу. ЦӀе санна лепаш ду церан гӀудалкхийн эчиг тӀамана кечам бинчу дийнахь, техкаш ю гоьмукъийн хьун. |
|
| 4 |
|
| ГӀудалкхаш урамашкахула дӀасахьаьдда, майданашкахь къевкъа уьш. Царах, цӀарах санна, лепар схьадолу, къега уьш, секхаӀад санна. |
|
| 5 |
|
| Куьйгалхочо шен тӀеман хьаькамаш схьакхойкху, амма церан болар тийсало. ГӀалин пенашна тӀекхача сихбелла уьш, амма хӀинцале а дӀахӀоттийна бу гӀалин ков харцош болу бӀогӀам беттачеран ларйо хӀума. |
|
| 6 |
|
| Хин кевнаш дӀаделлалуш ду, паччахьан цӀа хӀаллакьхуьлуш ду. |
|
| 7 |
|
| Сацам бина бу. Зуда-паччахь ерзина йийсаре дӀаюьгуш ю. ГӀарбашаш, кхокхарчий санна, узарш деш бу, сингаттамца шайн накхош тӀе буйнаш а детташ. |
|
| 8 |
|
| Нунав-гӀала ша мел ю хих буьзна Ӏам санна яра, ткъа хӀинца цуьнан нах бовду. Совцийша! Совцийша! Амма цхьа а юха ца хьожу. |
|
| 9 |
|
| ДӀасадаккха дети, дӀасадаккха деши! Цхьана а езачу пхьегӀан тӀаьхьалонан йист хедаш яц. |
|
| 10 |
|
| Иза талораш дина, яссийна, хӀаллакйина. Дог деша, голаш егайо. Массеран меженаш чохь онда лазар ду. Массеран яххьаш макхъелла. |
|
| 11 |
|
| Мичахь бу хӀинца лоьмийн бен а, лоьмийн кӀорнеш кхобуш йолу меттиг а цхьаммо а ца кхерош лом-нана а, лоьман кӀорнеш а лелла йолу? |
|
| 12 |
|
| КӀорнеш тоъал юзорхьама катухура лоьмо, лом-нанна кхача балархьама са дукъадора, шен хьехаш ижух а юзуш, оьрнаш катоьхначух а дузуш. |
|
| 13 |
|
| «ХӀинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! — боху Везачу Эло. — Хьан гӀудалкхаш Ас кӀур бина ягор ю. Хьан лоьман кӀорнеш туьро юур ю. Хьан хӀонс а дӀайоккхур ю Ас лаьтта тӀера. ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хезар дац хьан геланчийн аьзнаш». |
|
|
|
|