Везачу Эло боху: «Сан оьгӀазло Ӏушна дуьхьал карзахъяьлла, бежалошна а Ас таӀзар дийр ду. ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Эла волу Со ЯхӀудан халкъ долчу Сайн жена тӀехьийзар ву, Аса царах Сайн сийлахь тӀеман дин бийр бу.
ЯхӀудан халкъах массо а тайпана урхалчаш схьабевр бу. Уьш хир бу, са болу тӀулг санна, къиза а, четаран хьостам санна, онда а, тӀеман Ӏад санна, нуьцкъала а.
Ас ЯхӀудан цӀа чӀагӀдийр ду, Юсупан цӀа кӀелхьардоккхур ду. Ас уьш юхаберзор бу, Со царна къинхетаме хилла дела, ткъа уьш а хир бу, Ас дӀа ца тесча санна. Со церан Веза Дела ву, Цара орца даьккхича, Ас царна жоп лур ду.
Эпраймхой, майра тӀемалой санна, хир бу. Церан дегнаш самукъане хир ду, чагӀаро бахийча санна. Церан бераш, иза а гина, баккхийбеш хир бу. Везачу Эло диначух уьш даггара самукъадаьлла хир бу.
Ас шаьш, ахархочо хӀу санна, кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а, генарчу мехкашкахь Со дагаоьхуш Ӏийр бу уьш. Цара шайн бераш а кхиор ду, и бераш Исраил-махка юхадоьрзур а ду.
Ас уьш Мисар-махкара юхаберзор бу, Ашур-махкара а схьагулбийр бу, ГалӀаде а, Ливануне а схьабалор бу Ас уьш, амма ур-атталла цигахь меттиг а тоьар яц царна.