|
| 1 |
|
| Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хӀара гира: шен карахь латта дусту тӀийраг йолу цхьа стаг вара лаьтташ. |
|
| 2 |
|
| Ас хаьттира: «Хьо стенга воьду?» — аьлла. Цо жоп делира: «Ярушалайм-гӀала юста воьду, цуьнан шоралла а, йохалла а мел ю хаархьама». |
|
| 3 |
|
| ТӀаккха соьга дистхуьлуш долу малик араделира, ткъа кхин малик дуьхьал догӀуш дара. |
|
| 4 |
|
| Цо кхуьнга элира: «Сихха дадий, гӀо! Оцу къоначу стаге дӀаала: „Цигахь дуккха а адамаш а, бежанаш а Ӏаш хиларна, Ярушалаймах пен боцу гӀала хир ю. |
|
| 5 |
|
| Ткъа Со, — боху Везачу Эло, — Ярушалайм-гӀалина гонах цӀеран пен а хилла дӀахӀуттур а ву, гӀала Сайн сийлаллех юзор а ю Аса“». |
|
| 6 |
|
| «Варелаш! ДӀадовдалаш къилбаседерчу махкара, стигалан мох хьоькхучу еа а агӀор шу дӀасадаржийнера Ас, — боху Везачу Эло. — |
|
| 7 |
|
| ЦӀера Цийонера долу къам, варелахь! Бавел-гӀала йийсаре дӀадигна долу хьо, дедда кӀелхьардала!» |
|
| 8 |
|
| Шен сийлаллица со вахийтинчул тӀаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дӀа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоӀбӀаьргах дӀахьакхавелла. |
|
| 9 |
|
| Ас хӀинца Сайн куьг царна дуьхьал хьалаойур ду, тӀаккха хьалха шайн ялхой хиллачарна хӀонс хилла дӀахӀуьттур бу уьш». Иштта хуур ду шуна, со массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. |
|
| 10 |
|
| «Йоккхае, самукъане хила, Цийонан йоӀ! ХӀунда аьлча Со, дӀа а веана, шуна юкъахь вехар ву, — боху Везачу Эло. — |
|
| 11 |
|
| Оцу дийнахь дукха халкъаш тӀедоьрзур ду Везачу Элана. Сан халкъ а хилла дӀахӀуьттур ду уьш. Со шуна юкъахь вехар ву. ТӀаккха хуур ду шуна Закри-ЯхӀу-пайхамар шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. |
|
| 12 |
|
| Везачу Эло ЯхӀудан халкъ Шен дола доккхур ду, и халкъ дезачу лаьтта тӀера Шен дакъа долу дела, ткъа Ярушалайм-гӀала юха а къастийна хир ю». |
|
| 13 |
|
| ДӀасаца муьлхха а садолу хӀума Везачу Элана хьалха! ХӀунда аьлча Иза Шен дезачу цӀа чуьра араволуш ву. |
|
|
|
|